Дуин ӏумма а вац меттахволуш. Хӏун деш, стенга ладоьгӏуш ӏа? ТІехула тӏе, цигарчу хьаькамна гӏо деш ву а, боху. Ӏаьлбаг кхетац цо лелочух. Бакъ делахь а, дацахь а, дуьйцуш ду, цуьнан а, дегӏастанхойн тхьамданийн а цхьабарт бу, уьш Шемалан кӏантера ГІеза-Махьмера хаам хиларе ладоьгӏуш ӏа бохуш. Хилийтахьа и барт а. «Амма, шайн цӏийнах цӏе йаьлча, цхьамма иза дӏайайъалц йа кхечу йуьртара, махкара гӏо кхаччалц, ши куьг чучча а диллина, хьоьжуш ӏен-м ма ца веза! – ойла йо ӏаьлбага. – Со хьалха а теттина, шаьш дӏалевчкъина-кх».
Ша Басса тӏехула чекхволуш, уггар хьалха цигарчу йартийн йуьртдайн а, царна гӏортораш лаьттинчу церан гергарчийн а цӏенош дагийра ӏаьлбага. Изза дийр ду цо йамартхошна. Ӏумма а вуьтур вац къена ву аьлла. Паччахьан эскарехь гӏуллакхдечу шен кӏантах кхоьру хир ву-кх иза. Дай-наной, йижарий-вежарий, доьзалш боцуш бу ткъа хӏокху беа баттахь, кӏелхӏитта тхов, охьабийша меттамотт боцуш, дууш-молуш доцуш, цӏийнах-цӏарах бевлла леларш?
Оцу ойланаша дӏалаьцнера ӏаьлбаган корта. Иза наггахь бен вист ца хуьлура виллина дӏа шена уллохь вогӏучу Коьре а. Акха гезарий бен ца лела Пешхойн лам хадийна, ламанан йуьрта Нуй кхечира иза, шеца даим хуьлуш волу ах бӏе нохчо а, суьйли а волуш. Хӏара суьйлий ца хиллехь а, гӏаддовр дара ӏаьлбаган. Пхи-йалх бӏе суьйли, а ӏаьндой а хуьлура цунна уллохь уггар хала киртиг тӏехӏоьттича. Миска Мусакхай а вац хӏинца, Салатавехь ӏаьлбаган аьтту куьг хилла…
Нуйхь шен накъостий а битина, Залмин Дадица Зумса вахара ӏаьлбаг. Цхьана минотана а кхин гена ца тоьттуш, къасто дезара ӏуммица дерг.
Нах охьабийшинчу хенахь хӏара шиъ Зумса чу воьлча, жӏаьлийн гӏовгӏанаш йевлира массо маьӏӏехь. Схьахетарехь, жӏаьлеш хилла а ца ӏара уьш. ХІокху ламанца бехачу нехан жаш дара кхобуш, ткъа уьш ӏалашдан берзалой тайппа жӏаьлеш дезара. Чӏегӏардигийн баннаш санна, ламанан басенех летта лаьттачу цӏенойн хӏор а кертара схьа буьрса летара уьш. Амма, хӏорш керта ца гӏоьртийла хиъча, ураме ца лелхаш, тӏехбовлуьйтура.
Гаттийчу урамашкахула хьийзаш вахана, тоъал дикачу цӏенойн кетӏахь сецира хӏара шиъ. ЦІеношна гонах йина лекха тӏулган чир йара. Говрара охьа а ца вуссуш,