Александр Павловична дукхазза а гинера Дада. Амма хӏинца, шена иза цкъа а ца гича санна, леррина хьаьжира и цуьнга. Дада кхеттера ша кхайкхаран бахьанах. Пхьидан санна, тӏехевшинчу командующин къорзачу бӏаьргаш чохь оьгӏазаллин, цабезаман, цавашаран цӏе йогура.
– Мичахь ву хьан да? – цергаш йуккъехула схьаӏаьвдира Свистуновс.
– Хаац, хьан локхалла, – бӏаьрнегӏар ца туьйхира Дадас.
– «Хаац» бохург хӏун ду? Мятежникашца вац иза?
– Мятежникашца-м ву, мичахь ву хаац-кх.
– Хӏунда вахана и царна тӏе?
– Хаац, хьан локхалла. Сох дага ца велира иза.
– Туркойн фронте ваха лаьа хьуна?
– Ахь пурба лахь.
– Бахьана?
Дада цхьана кога тӏера вукхунна тӏе вазвелира.
– Тхо туземни эпсарех вуьшта а кӏезиг тешам бу ӏедалан, – элира цо, доккха са а даьккхина. – Да мятежникийн коьртехь волчу сох хиллане а хир бац. Харц эладитанаш а кхуллур ду… Хьан локхалла, нохчийн полке тӏаме вахийтахьа со…
Александр Павлович, хьала а гӏеттина, Умаевна тӏевахара.
– Жоьпаллех вада гӏерта хьо? Айхьа паччахьна муьтӏахь хила биъна дуй бицбина ахь? Дена дуьхьал ца латархьама, воьду хьо? Бакъ дац хьуна моьттург, господин прапорщик! Иза стигала ваьллехь а, лаьттах воьллехь а, карийна, хьайн да суна тӏе схьавалор ву ахь! И ца дахь, оха цуьнан бартахо лорур ву хьо. Гӏуллакхехь лакхавалар-м хьехор а дацара, кхоьссина йуьстахвохуьйтур ву. Тӏаккха лелар хьо, хьайн дайх дисинчу мезаша а хьийзош. Хезин хьуна? Вало, схьакараве хьайн да-бунтовщик! Лаций, куьйгаш-когаш дехкий, ӏедале схьало. Иза ца до-кх ахь, ас ший а тангӏалкхаш тӏе хьалауллур ву шуьшиъ. Пхи де хан йу хьуна.
Дадас ши бӏаьрг дӏа ца боккхура инарлина тӏебоьгӀначуьра. Дог кхехкара цуьнан, оьгӏазлонах дузуш. Цкъа ойла хилира, хьалха лаьтта деза гӏант схьа а эцна, цуьнан берстинчу коьртах тоха. Амма цунна тохарх нисдала хӏума дацара, мелхо а, галдала бен.
– Стенна лаьтта хьо, идол санна, вогӏа а велла? Дӏа а гӏой, приказ кхочушде.
Гиччошка куьг а лаьцна, ша волччохь цхьана кога тӏехь а хьаьвзина, вист ца хуьлуш аравелира Дада.
– Акха хӏуманаш! Мел тӏе кахьекхарх, хьестарх, бузабарх, изза до-кх аш!
ГІутакхара йаьккхина цигаьрка оьгӏазе пӀелгаш йукъахь хьакхийна, йоха а йина, чимтосурга чу кхоьссира инарлас.