зӏок йетташ, мӏараш туьйсуш, летар йу. Йа оцу тускарахь дог иккхина лийр йу. Маршоне сатуьйсуш. Изза хьал ма ду соьга хӏоьттинарг. Хӏаъа, хьо бакълоь. Бахам бу сан, даьхний ду. Ши кӏант а гӏуллакхе нисвелла. Ашшимма боху-кх. Амма вайн бахаман а, гӏуллакхан а ши кепек мах бац. Уггар коьртаниг дац вайгахь. Маршо. Хьан йуьртделла, йа хьан эпсаралла хӏун йу? Хӏумма а йац-кх. Вайнахана ло чинаш, ордалш, мидалш, алапаш стенна ло? Вайга вовшийн хӏаллакдайта. Мацделлачу жаьлешна йуккъе тосу даьӏахк йу цара вайна лург. Ткъа суна лаац церан йалхо хила. Ас тӏаьххьара саоззалц къуьйсур ду халкъан маршонехьа. И де а гена дац. Кестта лийр ву. Амма – къийсамехь.
Ӏуммас сацийра шен къамел. Хьехахь тийналла хӏоьттира. Дехьо, кӏоргехь, тховх ӏийдалучу ладаран тӏадамаш оьгура тӏулгаш тӏе. Бӏаьрхиш санна.
– ДІагӏо ший а. Шайна ма-ттов ваха. Со вита сайн новкъа дӏаваха.
– Сонталла ма йу иза, Ами. Тоьлур ма дац вай, – йуха а йукъавуьйлира Дада. – Ца го хьуна хӏаллакьхуьлу адамаш, йаго йарташ? Цул, ӏедална муьтӏахь хилий, совца вай…
Ӏумма буьрса дӏахьаьжира кӏанте.
– Ма хьеха суна! – аз айдира цо. – Дуьйцу хезний ткъа, лоьман кӏезо лом ӏамадо бохуш? Маршокка! Хьуна хӏун гина? Хьуна хӏун хаьа? Кхидолу къаьмнаш ду ткъа ӏедална резахилла ӏаш? Оьрсий, гуьржий, абхазой, саной, суьйлий? Массанхьа къуьйсу харцонна дуьхьал. «Тоьлур дац!» И ца хууш ву со? Суна Росси ца гина, паччахьан ницкъ ца гина, моьтту хьуна? Йа сан дегӏа тӏера моьнаш ца гина хьуна? Хӏуъу а хир ду. Оьшур а ву, лийр а ву! Со а, бӏеннаш, эзарнаш а! Амма тхо къарделла совцур дац. Хӏун хир ду, хӏокху лаьмнашкара аьрзунаш хаьдча? Лолла! Хӏун хир ду, дуьнен чуьра къонахий дӏабевлча? Хӏара дуьне-м къонахийн белшаш тӏехь лаьтташ дай. Хьан инарлин Орцин, Ботин, Девлат-Мирзин, молланийн белшаш тӏе товжа дисахь, духур а долуш. Къонахий бала кхоьллина. Халкъан гӏуллакхна. Цунна серло луш, нуьрах бага. Цхьаъ воьжча, ваьгна ваьлча, цуьнан метта кхин дӏахӏотта. Амма хьох, хьо санначех, тешна ма дуьсийла хӏара лаьмнаш! ТІаьхье йоцуш, кӏур байна вуьсу со. Хьанна моьттура, хӏара хир ду?..
Ӏумма, хьала а гӏеттина, ши куьг букъа тӏехьа а диллина, йезза гӏулч йоккхуш,