ӏедална дуьхьало йан а, ткъа наггахь царна тӏехь толамаш баха а.
Мохк-м, дера, бу хаза беркатах буьзна, амма хӏун пайда бу цуьнан, маршо ца хилча?
Іаьлбаган хьажар эххар а Ишхойн-Лома кӏел соцу. Иза ӏаьндойн ломах дӏакхеттачохь, цуьнан когашкахь, тӏулган басех летта ӏуьллу жима кӏотар Лоьман-Кӏорца. Цигахь ду ӏаьлбаган къена дай, наний, къона зудий, жима йоӏӏий. Бутт сов хан йу ӏаьлбагна уьш ганза. Хӏара гӏаттам болабелча салташца веанчу Умалхьата лецна Ножин-Юьрта дӏабигнера уьш, амма, жимма цигахь а латтийна, цӏа хийцира. Схьахетарехь, ӏедало сацамбинера, ӏаьлбаган къена да-нана а, церан доьзалшкара зударий, бераш а баха меттиг йоцуш, шен карахь бу, ткъа ӏаьлбаг царна тӏегӏертаза ӏийр вац, тӏаккха иза схьалаца аттахо хир ду аьлла.
Ӏаьлбага схьалаьцна некъ йуьхьанца къобалбинехь а, цуьнан гергарниш а тӏаьхь-тӏаьхьа резабацара цо лелочунна. Хӏара харц ву бохург а дацара иза. Дуьххьалдӏа бутт балале царна хиира кхо лелориг эрна хилар. Хьолахойн а, динан дайн а маттаца цхьана наха эладитане балхамаш бо цуьнан дегий, вежаршкий, хӏинца Нохчмахкахь хуьлучу бохамашна, зуламашна ӏаьлбаг бехкевеш, кхузара машаре дахар цо дохийна бохуш. Даррехь схьа ца алахь а, изза ду вежарийн дагахь а. Йуьхьанца ӏаьлбагна доггах тӏаьхьахӏиттина уьш кӏез-кӏезиг херабуьйлу. Цуьнца-м бу уьш. Ваша дӏатасар гӏиллакхехь ца хеташ. Амма, хьалха санна, доггах ца лела. ХІокху гӏаттамна коьртехь кхин стаг велхьара, уьш дукхе-дукха генахь хир бара.
Хӏинцца, масех де хьалха, ӏеламханна тӏедиллира цо, Яьссица йолу йарташ а гӏовттийна, Хаси-Юьртарчу эскарна дуьхьалойар. Хӏан-хӏа а ца элира, амма гӏуллакх новкъа а ца даьккхира.
Бакъду, шел кегийрачу кхаа вешина ала хӏума дац ӏаьлбаган. Ӏарапхас а, Султӏис а, бехказлонна доцуш, са доьхккина гӏуллакх до цунна. Виллина дӏа цунна уллохь а ву и шиъ. Жимахволу Зеламха а тӏаьхьагӏерта. Амма уьш кхоъ жима ву Іаьлбаг дагавийла а, цунна гӏо дан а.
Цхьана кӏеззигчу ханна доьзало дӏалецна ӏаьлбаган ойланаш хьаьвззина йуха а таханлерчу хьола тӏе йирзира. Ва Дела аьлла, нислац гӏуллакхаш. Тахана цхьанхьа кога хӏоттийнарг, хІокхо букъ ма-берззийнехь, хаьрций,