хӏаллакьхуьлуьйтур дара. Инарлина Орцина кхузарчу шен тайпанан вежарел, билтойл, дуккха а гергара хета полковникаш: гуьржи Эристов, оьрси Беллик, суьйли Нурид, иштта кхечу къаьмнех болу хьаькамаш а, хьолахой а. Сан дена Хортӏина гӏалара муьлхха а оьрсийн, эрмалойн, жуьгтийн, гӏажарийн а совдегар гергара хета тхан эвларчу Мӏаьчигал, Васалал, Янаркъел, кхечарел а. Цундела бахийтина оцу хьолахоша шайн кӏентий, йа шаьш бахана Нохчийн полке. Тахана, ши мостагӏ хилла, вовшахлета оьрсийн, туркойн паччахьаш. Со дуй баа ваьхьар вара, кхана оцу шина махкара халкъаш оцу шина паччахьна дуьхьал гӏевттича, цаьршимма, вовшашца машар а, барт а бина, шайн эскарш а, герз а шайн-шайн халкъашна дуьхьал дерзор дара аьлла. ТІаккха бартахой а, вежарий а хир бара тахана мостагӏий болу шина а агӏорхьара паччахьаш а, хьоладай а.
ТІаьхь-тӏаьхьарниш тӏе а кхиъна, наха ладоьгӏура Овхьаде.
– Хӏетте а, вайнаха оцу туркошна дуьхьал болчу тӏамехь дакъалацар ас къобалдо. И туркой вайца цхьана динехь белахь а, хӏетте а, уьш тола лаац вайна. Хӏунда? Цкъа-делахь, дин бен, цаьрца цхьа а тайпа йукъара хӏума дац вайн. Уьш, тола а тоьлла, баьхкина, кху махка охьахевшича, цаьргара хила аьтто бац вайна. Церан паччахьан ӏедал мелла а къиза ду оьрсийн паччахьан ӏедалал, цул сов, дуьненан ӏилманций, кхетамций, бахамций туркойн халкъ дукхе-дукха тӏаьхьадисина а ду оьрсийн халкъал. Кху цхьана-шина бӏе шарахь цхьана лулахь даьхначу нохчийн а, оьрсийн а халкъашна йукъахь гергарлонаш а, зӏенаш а чӏагӏйелла. Вай Россех дӏакъаста гӏерташ дац, вай хӏокху Россехь вешан бакъонаш оьрсашца а, кхечу къаьмнашца а дӏанисйар лоьху. Бохамехь чӏагӏло, дахчало адамийн а, халкъийн а доттагӏалла, вошалла. Вайна эхь ма ду, вешан халкъашна, махкана тӏе кхерам беача, кхечарех а къаьстина, йуьстахдевлла ӏийча. Цундела, вайн нехан кӏентий, оьрсийн салташна улло а хӏиттина, майра леташ а, леш а хиларх ас-м дозалла до ӏаьлбаг.
Іаьлбага доккха садаьккхира.
– Иштта-м ду-кхий иза, Овхьад, – элира ӏаьлбага. – Россина тӏе кхерам, бохам беача, вайн дай оьрсашна гӏоьнна боьлхуш меттигаш дуккха а хилла бохуш, дуьйцу баккхийчу наха. Даймохк а, халкъан сий