Оцу тӏехула барт ийгӏинчу шина начальнико доккха дов дира вовшашца, цкъа оьрсийн маттахь долош, тӏаккха гуьржийн маттахь чекхдоккхуш. Смекалов схьакхаьчча а, оцу девнан хьу дӏайалаза волчу цаьршимма йуха а карладаьккхира иза.
– Веданан округ сох тешийна йу, – бохура Аваловс, Накашидзега гома бӏаьргаш а хьежош. – Кхузахь хуьлучу муьлххачу а гӏуллакхах ас сайн коьртаца жоп ло! Ткъа полковник Накашидзе, сох дага а ца волуш, шена луъург дан волавелла. Амма хила деззарг хили! Цхьа батальон, ворхӏ сотня дошлой, милицин шиъ дружина а ворхӏ сохьтехь тӏелетарх, оцу ломара мятежникийн и тоба дӏа а ца йаккхайели.
– Хӏунда дуьйцу ахь иштта, полковник? – карзахвуьйлура Накашидзе. – Сан отряд йац ткъа Гӏамар-Дукъ дӏалаьцнарг?
– Ткъа Ведана йухайаьлларг? Ас куринцийн ши рота гӏоьнна ца йаийтинехь, хьо-х, вохийна, йухаваьллера!
Смекаловс халла маслаӏат дира цаьршинна йукъахь. Дагахь хӏуъу дисинехь а, шаьшшиъ тайна сурт хӏоттийра шина начальнико. ТІаккха Нохчмахкара хьал хаьттира Смекаловс.
– Хьал дика дац, хьан локхалла, – долийра Аваловс, шен хьийзинчу ӏаьржачу месашна хьала куьг а хьаькхна. – Сулимана сийсара йуха а дӏалаьцна лам. Нийсса аьлча, толам мятежникашкахь бисина. Оцу толамо дог ойъур ду Іаьлбаган. Тангӏай билггал мичхьа ву а хаац. Ӏаьлбаг керла ницкъ вовшахтухуш ву. Хӏара Ведана йоцург, кху сахьта йерриг Нохчмахка цуьнан ӏедална кӏел йахана. Даим вайна муьтӏахь хилла Даьргӏий, Белгӏатий а йац хьалхалерниш. Салташна йуккъе хоршин цамгар йаьржина. Къаьсттина вон хьал ду Шелан отрядехь. Хӏокху доьхначу хьола йуккъехула Накашидзес шен дегӏастанхойн милицех дукхахберш цӏа а бахийтина.
Цецваьлла Смекалов Накашидзега хьаьжира.
– Иза ца дича ца велира со, хьан локхалла, – Аваловна оьгӏазвахана, хьаьжайукъ хабийра Накашидзес. – Іаьлбаг ӏаьндана тӏелата кечлуш ву бохуш, эладита даьржина кхузахь. Милцоша дийхира шаьш цӏадахийтар. Мятежникаша шайн даьхний лахкарна кхоьрура уьш. Церан дехар кхочушдан дийзира сан.
Смекалов резавоцуш полковнике хьаьжира.
– Оцу тӏехь доккха гӏалат далийтина ахь, полковник. Хьан бакъо йацара, шайн областан я хӏокху областан начальникех цхьаьнгара бакъо йоцуш иза дан. Цу тӏе, хьал дуладелла йукъ а хилча.