Говрара охьа а иккхина, нехан пхьаьрсашна кӏелхула, охьатеӏаш, чӏара санна, йуккъехула чекхвуьйлуш, вахана жухаргашна хьалха а хӏоьттина, курра йуханехьа хьаьжира Мохьмад. Хортӏин ӏабди хӏинца а гучувалаза вара.
Ши ког цхьана агӏор бохуьйтуш, охьахиъна, муьшана тӏехула хахкавелла чувеанчу пелхьоно, вела а къежна, белша тӏе куьг туьйхира кӏантана:
– Кхера-м лур вац хьо, жима къонах?
Цуьнан хаттарх ца ваьшначу Мохьмадан велар иккхира.
– Коьшкала а хаий, куьйгаш сан белшаш тӏе а дахкий, саца. Варлахь, лаг ма лацалахь. Ка а ма детта. Хьо говрахь волуш санна, паргӏат ӏелахь.
Голаш тӏе охьа а лахвелла, Мохьмад шен коьшкала а хаийна, раз тесначу карсана тӏехула хьала а ваьлла, шина шалго йуккъехь сецна, гӏуркх кара а лаьцна, хьалхахьа дӏаволавелира пелхьо. Мохьмадна ма-моьтту атта а ца хиллера хӏара гӏуллакх. Пелхьон белшаш тӏера охьахьаьжча, йолчу тӏе а лекха хетара карс. Баганаш гӏовттийна, лахара хьалахьуьйсу адамаш а кегийра хетара. Шалгонна дехьо ваьлла, пелхьо хьалий, охьий кхийсавала воьлча, коьрте бӏагор беара Мохьмадна. Куьйгийн пӀелгаш цуьнан бертаза пелхьонан белшех тасаделира, ткъа настарийн голаш лога тӏе таьӏира.
– Мегар дац! – хезира пелхьонан лохха, паргӏат аз.
Ши бӏаьрг хьаббина, куьйгаш, настарш малйира Мохьмада.
– Ши бӏаьрг белла, зудабер! – нахана йукъара схьа маьхьарий хезира цунна.
«Гина-кх царна со!» – цергашца балда Іаьвшира Мохьмада. Ши бӏаьрг биллина, хьалха дІахьаьжира иза. Дуьхьаларчу шалгонна тӏекхача ши гӏулч бен ца йисинера. Амма, Мохьмадан дакъазаллина санна, пелхьо кӏегарволавелира. «Хьонка нӏаьна хилахьара кху гӏуллакхах!» – Мохьмад, шуьйрра вела а велла, курра дӏасахьаьжира.
– Хӏейт, гора, Мохьмад, йаӏ!
– Йан а йу хьо аьрзунан кӏорни!
Лаьтта воьссинчу Мохьмада, паргӏатваьлла, доккха садаьккхира. Лакха тӏехь цо къийлина настарш халла хаалуш йегайора. Нахана и хаадаларна кхеравелла, иза дӏахьаьдча, тӏекхеттачу жухарго, айъина, белша тӏе а хаийна, гонна йуккъехула хьовзийра.
– Майра кӏант ган луург Аьрзун Мохьмаде хьовса! Хӏинца цкъа къона леча ду хӏара, цхьа шо даьлча, ламанан аьрзу хир ду хӏокхунах!