ду, Нохчмахкахь хӏара лоруш стаг а ву бохуш. Тахана отряде хӏоьттина хьал шеконехь хетачу Смекаловс сацамбира поручиках пайдаэца.
– Йуьртах чим бай, цигара амалтана ткъа стаг а, отрядна даьхний а далош, сарале йухадерза ала полковнике.
Поручик цхьана кога тӏера вукхунна тӏе вазвелира.
– Пурба лохьа, хьан локхалла, дехар дан. Йурт йохо а, амалтана нах баха а кхуьур ду вай. Ас кхана, халкъ а гулдина, бертайалор йу Куьрчала. Хьан лехамаш тӏе ца эцахь, хиндерг а хоуьйтур ду. Доцца аьлча, со тешна ву хьан лаам цара кхочушбийриг хиларх.
Жимма оьгӏазвахна кеп а йина, вовелира инарла.
– Дика ду, поручик. Кхана делккъалц хан йу хьуна. Нагахь курчалоша амалтана ткъа стаг а, ах бӏе сту а, кхо бӏе уьстагӏ а лахь, ас къинхетам бийр бу царах. Амма мятежникех цхьана стаге цара шайн махка тӏе ког биллийтахь, и ткъа стаг шайн эвла йуккъехь ирхъуллур вуйла а хаийта.
Шолгӏа де а мукъа дацара Смекаловн. ТІаьхьий-хьалхий лагере таттабелира къарйинчу йартийн векалш. Цӏонтароша кхузткъа стуй, амалтана ткъе кхоъ стаггий валийра. Гӏордалоша – ткъа стаг а, шовзткъе итт сту а, ши бӏе уьстагӏ а. Курчалоша – исс стаг а, ткъе итт сту а.
Инарла шайна тӏеваре хьуьйсуш, четаршна йуккъехь йитинчу майданахь лаьттара йартийн векалш. Хьалха – векалш, царна тӏехьа – амалтана балийна нах. Массара а къайлах бӏаьрг беттара и тогӏи кӏаййина хӏиттийначу четаршка. Хӏор а четарна хьалха, дуьхь-дуьхьал йуьхьигаш гӏортош, ирахь лаьттара буьххьехь цхьамзанаш долу тоьпаш. Хьуьнан йистонца диттех дӏатийсинчу говрашна хьалха бергаша хьешна, лаьттахь йаьржина гора буьртигахь а, тхьамарахь а хьаьжкӏаш. Хӏоъ ца кхоъош лора говрашна. Цуьнан къоьлла йацара кхузахь.
Четаршна гонах йайш дохуш, бедарш йа герзаш цӏандеш, говран гӏирсаш тобеш йа, цхьаьна гулбелла, забарш йеш, боьлуш ӏара салтий. Лаха ӏин чохь бедарш йуьттуш а, луьйчуш а бохкура кхиберш. Стаммийчу гатанашца къевлина лаьттара масех йоккха топ.
Хезара векалша йукъ-кара лохха ден къамелаш.
– Сихха арайалахьара и нал!
– Делкъан ламазаш а дохку туьлуш.
Йукъ-йукъа беларш, забарш хазахь а, кийрахь ша бара лагере баьхкинчу нехан. Уьш ловзарга ма ца кхайкхинера. Иштта амалтана балийна нах