Цара дийцарехь, ӏаьлбаган эскарера масех бӏе стаг вийнера. Амма вийна а, чов хилла а стаг вацара Гати-Юьрта валош. Нийсса аьлча, цигахь ӏаьлбагца висинарг масех гатийуьртахо вара, дукхахберш Акхтица кхузахь, Яьссин лакхенца, битинера цо.
Эххар а хилаза ца дисира Айзий, Іусманний кхийринарг. Стомара буьйсанна йуккъехь геннара дуьйна хеза дечган чкъургийн, семанийн цӏийзар, тӏаьхь-тӏаьхьа гергакхочуш, церан кетӏахь сецира. Хьалха Айза, цунна тӏаьххье ӏусман а, араиккхира и шиъ. Кетӏахь сецначу ворданна уллохь лаьттачу шина стагах цхьаъ Янаркъа вуйла хиъча, дегӏе зуз хьаьдира ӏусманна. Хаьара, и ворда шайн кетӏа лаа ца йеанийла. Ӏумар йа Болат валош йеана. Болат хуьлийла а дац, иза Акхтица ву. Ӏумар ву-кх, кхин мила хир вара иза?!.. Герга мел кхочу, болар лагӏдан гӏертара Айза. Бохамна собаре хила йезара. Амма цуьнан ши бӏаьрг бара ворданна чохь охьахаа гӏертачу кӏантана тӏехь.
– Дика мел дерш догӏийла, Айза, – элира Янаркъас, ма-хуьллу самукъане хила гӏерташ.
Амма нанна хааделира цуьнан озан харцлер.
– Марша догӏийла шу а. Хьоьца верг мила ву? Шу ма хан йоцчу хенахь лела, лаа дуй?
– Хӏара-м Мишка вара. Лаа а ду тхо-м, – дӏасахьаьжира Янаркъа. – ӏумарна цхьа пайдабоццу чов хилла…
Ворданна тӏе а вахана, йалкханна тӏе ши куьг диллина, ворданан цӏа чу хьаьжира ӏусман. Бухайиллинчу кӏедачу сийначу баца тӏехь хиъна ӏара ӏумар. ХІетта кхеттачу беттасин серлонехь вешин кӏайн йуьхь гича, бага йакъайелира Іусманан.
– ӏуми! – дӏа а кхевдина, вешин корта тӏеозийра цо. – ӏуми!..
Ӏумар велавала гӏоьртира.
– Мохь хӏунда хьоькху ахь? ДІахила, охьавуссу со.
– Вон йуй чов?
– Хӏумма а ца хилла.
Аьрру куьйга йалкха а лаьцна, хьалагӏатта гӏоьртина Іумар, ворданна чуьрчу баца тӏехь когаш шершина, дӏакхийтира. Лазарна йуьхь чІачкъийна, дӏакхевдина, йалкханан гӏаж лаьцна, меллаша гӏеттина, йоьхна лаьттачу нанна тӏе а вахана, могашчу пхьаьрсаца иза марайоьллира цо.
– Йоьхна хӏунда хьийза хьо, нана? Суна-м хӏумма а ца хиллий.
Айза, йист ца хуьлуш, кӏентан некха тӏе а таьІна, къурдаш дан йуьйлира.
– Ма йелха, – элира Іумара шабарца. – Хӏумма а ца хилла суна. Жимо Іуьрг эккхийтина белшах. Ши-кхо де далале, дукълур ду.