Кертал чоьхьахь кӏедачу бай тӏехь масех тоба йина хевшина ӏара нах. Моллина Лорсина гонах гулйелла цхьа тоба. Сехьо гулйеллачу кхечу тобанна йуккъехь ву ши доттагӏ: Васал а, МІаьчиг а. Цаьршимма леррина ладоьгӏу цхьа кӏира хьалха туркошца тӏамера цӏа веанчу Солтханан хабаре. Цуьнан аьтто пхьарс хиллачохь йоцца тхьум йисина. Хӏинца а хаза йерзаза йу цунна хилла чов. ХІокху тӏаьххьарчу кӏиран чохь хиллачу тӏамех лаьцна ду тахана дерриг а къамел.
– Инарла шен эскаршца хӏинца Бенахь ву, боху.
– Хаси-Юьртара эскарш, Аьккха дӏа а лаьцна, Нохчмахка доладелла а, боху.
– Суна-м, селхана цара зандакъойн йарташ йагийна, цигара амалтана цхьа-ши бӏе стаг вигна бохуш, ма хезна.
– Яьссица хьала ма гӏортахьара эскарш.
– И хила а тарло.
– ӏумма-Хьаьжа Басса тӏе воьссина бохуш, хезний шуна?
– Ах сов суьйлий, гуьржий а бу, боху, цуьнан бӏаьнехь.
– Хӏета, лулахой гӏо дан баьхкинехь, цхьа диканиг хир ду вайн гӏуллакхах.
– ӏаьржа-Ахка тӏехь хиллачу тӏамехь гуьржийн цхьана эланна чӏогӏа чов йина, боху. Дийцарехь, велла хила а мега иза.
– Авалу-м вац иза?
– Хӏан-хӏа. Авалу а, Накъшаз а вац иза. Цхьа Шерваз-м ма вара иза.
– Тамашийна хӏума а дай хӏара-м. Цхьаболу суьйлий, гӏалгӏай, гуьржий а, вайгахьа а бевлла, паччахьан эскарех лета, ткъа цхьаберш, ӏедалехьа а бевлла, вайна дуьхьал лета!
– Нохчий ткъа?
– Вуьзнарг – ӏедалехьа, мецаниг – вайгахьа ваьлла.
– Доцца аьлча, худар хилла-кх…
ТІаккха бийцаре бан болийра Коьжалкан-Дукъахь хилла тӏом. ХІетталц нахе ладоьгӏуш Іийна Солтха вистхилира эххар а:
– Кхузарниш-м тӏемаш йацара, кӏентий. Шуна тӏом гина а бац. Ши-кхо эзар стаг хир вуй Іаьлбагна тӏаьхьа?
– Цкъацкъа итт эзарнага а волу, – элира цхьамма-м шена хетарг.
– Пхийтта эзар а хилийтахьа. Уьш а цхьана дийнахь – итт эзар, вукху дийнахь – эзар хуьлу. Цкъацкъа ши-кхо бӏе бен воцуш а вуьсу. Ӏаьлбаг – хьалхара ведда, инарла – цунна тӏахьахьаьдда лела. Наггахь, дуьхь-дуьхьал нисбелча, тоьпаш а тухий, шиний агӏор масех стаг воь. Тӏом хуьлу иштта! Тӏом оха бинарг бара! Цхьацца бӏе эзар гӏашло а, дошло а шиний агӏор дуьхь-дуьхьал а хӏуттий. Стаг таттавелла биргӏан чу а гӏур волуш масех бӏе йоккха топ. Тӏом болабелча, кӏуьранна атталла малх