кхузара динан дай, дуьххьалдӏа йоза-дешар хаар бен, кхидӏа бусалба динан ӏилманан кӏорге йолуш а, кхетамна могӏарчу нохчочух къаьсташ а бацара. Нохчийчохь лаккхара ӏилма долуш ӏеламнах цахиларна, ӏаьрбийн мотт а, Къуръан а, жайнаш а Іамо лууш болу нохчийн къона нах Чиркей а, Акуше а, Гӏазгӏумка а деша боьлхура.
Моллина йоза-дешар хаарна, цуьнга цхьацца гӏуллакхан кехаташ йаздайта дезаш меттигаш нисло дела, дуьххьалдӏа оцу гӏуллакхна лоьрура иза нохчаша шайлахь. Амма кхидӏа массо а агӏор нахал цхьа чо а лакха ца воккхура. Хӏор а йуьрто шена дика хетарг молла а хӏоттавора, иза ца мегча, йа цул диканиг нисвелча, важа дӏа а воккхий, кхин хӏоттавора. Могӏарчу нохчочул тӏехдаьлла хьал а, шатайпа бакъонаш а йацара моллин. Мохк боькъуш, нахана доллу дакъа лора цунна лаьттах. Йуьртан гуламехь нехан йерриг бен куьйган бакъо а йацара цуьнан. Закат а, мархин сахь а, сагӏа а нохчаша, моллина ца луш, жоьра бисинчу зударшна, байшна лора. Массара санна, шен кертахь а, кха тӏехь а шен болх а бора моллас.
Амма Нохчийчохь Шемал чӏагӏвелча, халкъан гӏиллакхаш, ӏадаташ дӏа а дохуш, церан меттиг дӏалецира шариӏато. Шемална шена а, бусалба динна а, шен ӏедална а муьтӏахь нах оьшура. Цуьнан заманахь хьалхарчу метте бевлира динан дай а, таронаш йерш а. Царна бакъо йелира халкъ ӏехо а, тало а. Жимма а имаман некъана дуьхьалваьлларг къиза хӏаллаквора.
Шемал дан цакхиънарг, цуьнга чекх цадаккхаделларг хӏинца кхиамца чекхдоккхура паччахьан ӏедало. Цо шен буйна лецира динан дай, Шемала йеллачул тӏех бакъонаш луш, халкъ тало хецна битира цуьнан хилла цхьаболу наибаш. Кхузахь паччахьан ӏедалан гӏортораш йара уьш, хӏара халкъаш кога кӏел латто гӏо деш.
Хӏинца халкъ кӏез-кӏезиг тӏаьхьатоьттура. Атталла тахана хӏокху маьждиг чохь а хаалора иза. Цхьа шовзткъе итт шо хьалха рузбанехь хьалхарчу могӏаре баккхий нах хІуьттура. Рузбанна хьалхаваьлла цхьа молла воцург, бисина ӏеламчаш а, шайн хенашка хьовссий, элора нахана йукъахь. Вокх-воккханиг – хьалха, жиманиг – тӏехьа. Хьоле-тароне а ца хьуьйсуш.
Тахана хьалхарчу могӏарехь ву Товсолта, Хортӏа, Боргӏа, Инарла, Чӏонакъа. Баккхий нах – тӏехьа. Массарал а тӏехьа шайн