– Вай-м ца бо нохчий бехке, – элира Евгений Ивановича. – Ахь нийса боху, Берса. Хала киртиг-м хьехор а йацара вай, паччахьаша-м, шайна кхин халкъ дӏакхалла лиъча а, союзник лоху. Селхана мостагӏ хилла ши пачхьалкх, оцушиннах цхьаннан кхоалгӏачуьнца дов доладелча, нагахь шайн ӏалашонаш цхьаьнайагӏахь, вовшашца барт а бой, кхозлагӏчух лета. Наполеон Россина чувеача, вешан селханлерчу мостагӏашца – австрийцашца, пруссакашца, англичанашца, туркошца – барт бира вай.
– Гена гӏиртина хӏун до вай, – тӏетайра со а, – тахана Балканехь хӏоьттина сурт гуш хилча? Вайца цхьана динехь болчу цигарчу славянаша, шаьш туркойн олаллина дуьхьал масазза гӏовтту, Россига гӏо доьху. Иза нийса а, бакъонца а лору вай, ткъа шайн маршонехьа гӏевттинчу ламанхоша шайца цхьана динерчу туркошка гӏо дехча, маьхьарий бовлу.
– Кхузахь хьо гал ву, Яков Степанович, – элира Берсас, ойла а йина. – Оьрсийн а, туркойн а шина правительствон политикийн ӏалашонаш цхьаъ йелахь а – мехкаш дӏалеций, кхин къаьмнаш лолле дерзой, амма жамӏаш башх-башха нисло. Оцу шиний правительствона гӏенах а дага ца догӏу вовшаша ӏазапехь дахко къаьмнаш маьршадаха. Амма оьрсийн правительствон ӏалашонаш цхьаьнайогӏу Балканерчу халкъийн лаамца. Россиний, Турциний йуккъехь тӏом масазза хуьлу, Балканера халкъ маьршадолу туркойн ӏазапна кӏелхьара. Маьршадаьлла ца ӏаш, хӏораннах а йозуш йоцу пачхьалкх а кхоллало. Со тешна ву, хӏара тӏом а болгарашна маршо луш чекхбериг хиларх. Тӏе, оьрсийн халкъан дог лозу шайца цхьана динехь, цхьана цӏийх болчу цигарчу славянех. Церан маршонан дуьхьа, цхьа а тайпа шалхо йоцуш, шайн синош дӏало оьрсийн салташа. Ткъа тхан, шайн «бусалба вежарийн» дуьхьа тӏом бо бохучу туркойн правительствон а, йа туркойн халкъан а, йанне а йац и догцӏена ойла. Нагахь, цхьа аьтто а баьлла, оьрсашна тӏехь туркошка толам баккхалахь, хӏара лаьмнаш церан карадахча, цара ламанхошна маршо, серло лур йара бохучух ца теша со. Паччахьан дукъ дӏа а кхоьссина, ламанхойн коча шениг дуллур дара султано.
– Ахь ма-дийццара хилча,