ӏедалой, килсой кху махкарчу оьрсашна йукъахь харц эладита а ца даржийнехьара, тахана дуккха а муьжгий гӏевттинчу нохчашца хирг хиларан шеко йацара. Цунна тоьшалла ду, нохчийн гӏаттам болабелча, салтий Нохчамахка бовда гӏортар а, царах аьтто баьлла цхьаъ ӏаьлбаган уггар гергара накъост хилар а.
Берсас, кисанара даьккхина йовлакх бете а лаьцна, дӏа а вирзина, йовхарш туьйхира.
– Гой хьуна, Евгений Иванович, – долийра цо, ша меттавеача, – туркошца тӏаме бахана нохчий а бац цхьаъ. Цхьаберш правительствос эцна, шозлагӏниш – йал а йелла, лата бигна. И хьалхарниш – Чермоевгӏар, Мамаевгӏар, Шамурзаевгӏар, кхин а, кхин а бу. Уьш баккъал а императоран дуьхьа бахана цига, царна дика ма ву иза. Нагахь тахана кхузахь, оьрсий а боцуш, туркой, англичанаш, французаш йа муьлхха а кхин нуьцкъалниг хиллехь, церан императорш а, церан «даймохк» а ларбан а гӏур бара уьш. Ишттачу нехан даймохк а, халкъ а ма дац. И ший а дешех духку цара, ойла ца йеш. Шайна ахча делчахьана, иблисна гӏуллакх дан а кийча бу уьш.
– Доцца аьлча, халкъашна йуккъе зайлаш тоьхна-кх ӏедало. Хӏан, Яков Степанович, дӏамалий вайша? – кад схьаийцира Евгений Ивановича. – Шун могашаллина тӏера, господа!
Берсас чайнах къурд бира.
– Довханиг доттий хьуна?
– Баркалла. Бакъду иза, Евгений Иванович. Амма тхан халкъан ойла даим а гуманни йу. Цуьнан, мостагӏалла-м хьовха, цабезам а бац цхьана а къоме. Чермоев а, цуьнан компани а оьрсийн императоран дуьхьа, йа шайн йукъараллин дарж, йа шайн хьелаш лардаран дуьхьа бахна тӏаме. Ткъа оцу полкера могӏара нохчий ӏехийна бигна.
– Ткъа кхузара оьрсийн бахархой, шун гӏаттаман кхиам хилахь, шаьш кхузара дӏалахкарна ма кхоьру.
– Иза аьттехьа а дац.
– Ахь-м иштта дуьйцу, ткъа гӏаттаман тхьамданашна дагахь кхин хила там бу. Уьш, хьо санна, кхетамна лакхахь ма бац.
– Церан дагара хууш ма дуьйцу ас. Уьш оьрсашна дуьхьал ца гӏевттина. Хӏара ӏедал дезаш ӏа оьрсийн халкъ? Шуьшиъ ву ткъа цунна реза? Хӏун ду гӏовттамхоша доьхург? Кху махкахь дехачу дисинчу къаьмнашца шаьш бакъонашций, латтаций нисдар.
– Хӏаъ-хӏаъ! Хӏинца ас бохучу тӏевеа хьо!
– Муха?
– Кхузара оьрсийн бахархой шун махка тӏехь беха. Цаьрца шун гамо йац бохучух