порядкаш дарйан а лерина ду. Доцца аьлча, гӏалгӏазкхийн сослови классашка йекъало. ХІетте а, шайн политически, экономически, социальни хьелашца уьш дукхе-дукха лакхахь лаьтта оьрсийн белхалочул а, ахархочул а. И хьелаш шен цӏийца оьцу гӏалгӏазкхичо: иза декхар ву паччахьна муьтӏахь хила, шен говраца, герзаца, барзакъца даим дӏа эскарехь гӏуллакхдан, чоьхьарчу а, арахьарчу а мостагӏех импери ларйан. Амма и дерриг данне а дац гӏалгӏазкхи паччахьан карахь къера, аьрта герз ду бохург. Гӏалгӏазкхийн лахенаша даим дакъалаьцна помещикашна дуьхьал ахархойн хуьлучу гӏовттамашкахь а, тӏемашкахь а. Ткъа кху тӏаьххьарчу хенахь масазза бунташ хилла церан цхьацца областашкахь?!
ХІетте а, жамӏ деш аьлча, халкъана йукъахь империн чӏогӏий, тешамей гӏортор йу гӏалгӏазкхий. Мел къечу гӏалгӏазкхичунна а ша лакхара хета муьлххачу белхалочул, ахархочул-м хьовха, амма мещанел а.
Цундела гӏалгӏазкхашний, туземцашний йукъахь мостагӏалла дукха хан йоццуш тӏом чекхбаьллачу кху Теркан а, Кубанан а областашкахь хилла ца Іа. Изза хьал ду и тӏом масех бӏе шо хьалха чекхбаьллачу а, цкъа а ца хиллачу а меттигашкахь а. Иштта мостагӏалла ду Донан гӏалгӏазкхашний, гӏалмакхошний йукъахь; Уралан, Оренбурган гӏалгӏазкхашний, казахашний йукъахь; сибирски гӏалгӏазкхашний, киргизашний, буряташний, тунгусашний, иштта дӏа кхечарний йукъахь а. Цигахь цхьана йоццачу хенахь хилла тӏемаш чекхбевллачул тӏаьхьа масех тӏаьхье а хийцайелла, мацах цкъа хиллачу оцу тӏемийн лар а ца йисина адамийн дегнаш чохь. ХІетте а, кху Теркан областехь санна, кӏорга бу гӏалгӏазкхашка цабезам империн массо маьӏӏехь а. ХІарра кепаш а, чулацам а болуш. Цо гойту и мостагӏалла хьалхалерчу тӏамах дисинарг цахилар. Хӏара хӏинца берг кхин тӏом бу, амма – социальни чулацам болуш.
Иштта бух боцуш карадо и мостагӏалла къоман башхаллаша кхоьллина бохург а. Ас цӏераш йаьхначу къаьмнашна йукъахь, йа цаьрца цхьаьна йарташкахь лул-лулахь бехаш бу дуккха а вайн оьрсийн муьжгий. Уьш кху Теркан областехь а бац кӏезиг. Амма хӏунда дац туземцийн оцу муьжгашца мостагӏалла а, дов а? Уьш хӏунда беха машаре, вовшашца бертахь? Дера, беха и муьжгий