даьлча, царна таӏзардаран санна йолу кепаш Российски имперехь кхечахьа цхьаннахьа а йац. Кхузара талламан а, бехкеваран а, таІзаран а кеп ӏаламат цхьалха йу. Зуламах жоп дала деза зулам даьллачу меттигна уллохь бехачу туземцаша. Цхьамма-шимма а ца луш, йерриг а йукъаралло. Зуламхо карийнехь а, ца карийнехь а. Вайн «Суьдан Уставаш» хуьйцуш кхузахь хӏиттийна шатайпа «бакъонаш» йу. Хӏара бу церан боцца чулацам:
Областера дерриг некъаш участкашка декъна. Хӏор а участкана гуттаренна а тӏечІагӏйина билггалйолу йарташ. Оцу йарташа жоп ло шайн участкехь стаг вийнехь а, къола динехь а, талораш динехь а, доцца аьлча, муьлххачу а зуламах. Нагахь зуламхо муьлхачу йуьртара ву хиънехь, амма бехкениг ца каравахь, йерриг а йуьрто жоп ло зуламах. Нагахь гӏалгӏазкхийн станицашкара хӏума йов-кх, лар герггарчу йуьрта йуьгу. Нагахь оцу йуьрте къоланан лар дехьарчу йуьрта йигалахь, хьалхарниг кӏелхьарйолу, ца йигалахь, лар сецначу йуьрто меттахӏоттадо къоланца дина зен. Зуламах жоп деха а, гӏалгӏазкхийн бахархошна дина зен такхийта а гондӏа йолу йарташ хӏор а станицана тӏечӏагӏйина. Нагахь ша дина зен меттахӏотто туземцан ницкъ бац-кх, йерриг а йуьрто такхам бо. Доцца аьлча, уьш а, кхин дуккха а кегийра бахьанаш ду Теркан областера къаьмнаш шина декъе декънарш а, царна йукъахь диллина дӏа мостагӏалла марсадохурш а. Оцу бахьанаша, вай хӏиттийначу халачу хьелаша, даймохк а битина, цабезачу, хийрачу Турце кхалхарна тӏетоьтту уьш. Ткъа иза цара шаьш шайн куьйга байъар санна ду.
Туземцаш Турце кхелхачуьра а, вайна дуьхьалгӏуьттучуьра а совцур бу, и ваьш вешан куьйга кхоьллина хьелаш вай ваьш дӏадаьхча. Цхьана махкахь дехачу къаьмнашна цхьатерра экономически хьелаш а кхоьллича, цхьатерра образовани а йелча, и къаьмнаш, шайна йукъара этнически башхаллаш дӏа а йовлий, цхьаьнакхета. Баккъал а ойла йича, ша дика хьоьгуш хилча, мила гӏоттур ву ӏедална дуьхьал, мила гӏур ву ведда Турце? И шиъ бен, царна кхин некъ ма ца битина правительствос[25].
Кхузарчу туземцийн экономически хьелаш эшорехь боккха болх бина правительствос, амма царна серло йаларехь хӏинццалц схьа цхьа гӏулч а ца йаьккхина. Ала