Шена тӏаьхьайаьккхина дошлойн отряд аьттехьа ца йуьтуш, Махкатӏехула чекх а ваьлла, хӏинца ша кхерамна генахь вуйла а хиъна, бӏаьхошна садаӏа хан йелира ӏуммас. Бурсанечу ножа кӏел охьадехкинчу декъашна улло охьахевшира гергарниш а, доттагӏий а, йуьртахой а. Йайн чевнаш хилларш, Ахка чу а биссина, цӏий дӏа а доккхуш, чевнаш йуьлуш, накъостийн гӏоьнца уьш дӏайехка хӏиттира.
Ӏуьйранна хӏума кхалларх бара бӏаьхой. Амма говран нуьйрашна тӏедихкина бекъачу кхачанца долу таьлсаш ца хьадора цхьаммо а.
Хи чу а воьссина, чоин пхьуьйшаш хьаладина, цӏена ши куьг а дилина, канашкахь схьаэцна, шозза хи мелира ӏуммин Дадас. Йуха а сирлачу хи чохь нур детташ къегира дашо чӏуг. Йуха а карлайелира йезар. Амма Дадас генна дӏалелхийра ойланаш. Цо догдиллинера ирсах.
Лохха къамелаш хезара, хӏинцца чекхбаьлла тӏом бийцаре беш. Паргӏат нохчийн, чехка гӏалгӏайн, къамкъаргехь дешнаш лоьлхуьйтуш суьйлийн а меттанашкахь. Масех тушо ӏара йуьстаххиъна, эттӏа мачаш а, чоэш а тӏеттӏа а ийзош.
Дадас а йора чекхбаьллачу тӏеман ойла. Тахана эпсаршна йукъахь дуккха а гира цунна шена бевзарш. Владикавказехь волуш ша хийла ха дина инарла Смекалов а. Оцу эпсаршца сакъоьруш дуккха а буьйсанаш а йайъина Дадас. Ткъа тахана цара вовшашна тоьпаш йиттира. Хьерабевлча санна. Вевзирий-те царна Дада? Ца вевзина хила а мега. Вевзинехь, ка тӏекхочехь хиллехь, аьтто а баьллехь, цара вийна хир вара иза. Царна гергахь Дада йамартхо ву. Паччахьна, даймахкана муьтӏахьаллина биъна дуй къарбина йамартхо.
Тӏевеанчу Овхьада йукъахйехира Дадин ойланаш.
– Стенан ойла йо ахь, борз? – улло лахвелла, куьйгаш дила вуьйлира Овхьад.
– Таханлерчу тасадаларан.
Овхьада а, канашкахь схьаэцна, шозза-кхузза хи мелира, даккхий къурдаш а деш.
– Дика катуьйхира вай-м. Хьайна вевзарг-м ца вийра ахь?
– Хӏан-хӏа. Велур вацара. Царна йукъара цхьадерш жӏаьлеш хиллехь а. Ишттачохь ма ца нисйо гамо.
– Вайна йукъахь йерг гамо йац, Дада, мостагӏалла ду. Цкъа а машар хир боцуш. Хьуна дика ма девза тӏеман законаш.
– Иштта-м, дера, дара иза. Амма царна йукъахь селханлера сан доттагӏий ма бу.
– Доттагӏаша шайн доттагІчун йарташ ца йагайо, зударий а,