Дукха дараш хуьлуш, салтий гӏелбина, Ведана йухаваьлла шоззе а. Ӏаьлбаган гӏера эзар стаге а ма ца йолу. Цунна дуьхьал ши батальон а, кхо сотня а тоьуш ма йу. Ткъа хӏара масех эзар стагаца хьаннашкахула волавелла лела!
Селхана Басса тӏера Ведана йухайирзина отряд садоӏуш карийра Свистуновна. Ткъа Накашидзен отряд Дегӏастана дӏайаханера. Шен ца хиллачу кхиамо гӏелвинера Смекалов. Басса тӏера йухайогӏу цуьнан отряд тӏаьхьара тӏетоллуш, шиний агӏор тӏейетташ, Ведана йалийнера Іуммас.
Делкъал тӏаьхьа жимма са а даьӏна, отряде хьаьжира Александр Павлович. ДІадаханчу кхаа дийнахь дикка хьекхийнехь а, шек дӏа а бацара салтий. Тӏаккха, лазарете а вахана, Шервашидзена тӏехӏоьттира. Хьалхалера болатан бос байнера элан йуьхьа тӏера. Буткъбеллера мара а. Чохь са доцуш санна, мажделла, дегӏаца дӏахецна Іохкура куьйгаш а.
– Хӏинца дика ву хӏара, – элира лоьро Шимановскийс. – Синпха вон бац, садаӏар а дика ду. Амма дикка ӏилла деза.
Штабе йухавогӏуш, гӏопан кетӏахь гулвелла, шайн талорех йохкэцар йеш бӏе сов салти а, милцой а гира Свистуновна. И базарш даим хӏуьттура отряд экспедицера йарташка цӏа йирзича.
Шаьшшиъ Смекаловн кабинет чу йухавирзича, Свистунов ца ӏавелира цунна шен резавацар ца хоуьйтуш.
– Дала къинхетам бина, эхьах кӏелхьарваьккхина хьо, Алексей Михайлович, – долийра цо, мундиран логера нодарчий дӏа а хоьцуш.
– Со ца кхета ахь дуьйцучух, Александр Павлович…
Свистуновс, тӏе а веана, Смекаловн белша тӏе куьг диллира.
– Вайна дуьхьал летарг регулярни эскарш дац, ткъа кху лаьмнашкахь, хьаннашкахь бечу тӏамехь бахчабелла, бӏешеран зеделларг долу нохчий бу хьуна, ца аьллера ас хьоьга? Хӏетте а, масех эзар гӏашлой а, дошлой а, йерриг артиллери а, доцца аьлча, йерриг а отрядца оцу зӏуганийн баннаш йуккъе вахана хьо. Цундела, эрна къа а хьегна, дуккха дараш а хилла, йухавирзина. Ткъа ӏаьлбаг а, ӏумма а, шек дӏа а воцуш, хӏинца а хьаннашкахь маьршша кхерста!
Александр Павловича, стоьла тӏе а вахана, графин схьа а эцна, стаки чу доьттина, хи мелира. ТІаккха, балдех йовлакх хьаькхна, йуха а Смекаловна тӏевирзира иза.