Кисанара схьадаьккхина, кехат ӏаьлбаге дӏакховдийра Нурхьаьжас. Кехата тӏехула бӏаьрг кхарстийна, иза Хайрулле дӏагайтира ӏаьлбага.
– Хӏара йоза хьан дуй, Хайрулла?
Хайрулла макхвелира. Хьаьжа тӏе а, мера тӏе а хьацаран буьртигаш хӏиттира цунна.
– Ахь йаздиний хӏара кехат?
– Йаздина, – халла хезаш жоп делира цо.
– Ладогӏалаш, нах! Шуна массарна а хезаш, хӏара кехат ша йаздина аьлла къера хили Хайрулла. ХІокхо йаздо: «Шахьболате а, Умалхьате а соьгара салам-маршалла! Цул тӏаьхьа хоуьйту шуьга вайн массеран а йукъара ши мостагӏ: Къосам а, Нурхьаьжа а Чеччалхехь хилар. Цаьрца бац арахьара нах. Вайн эскарш хӏокху агӏор цахиларна, паргӏат а ву и шиъ. Нагахь тховса аш салтий схьахьовсабахь, и шиъ атта лацалур ву.
Сан дехар ду шуьшинга хӏара хаам сан цӏарах пурстоьпе дӏакхачор.
Делера къинхетам хуьлда вайна массарна а».
Нахана йукъахь оьгӏазе гӏугӏ делира.
Тӏаккха Акхтас дира Товсолта бехкевеш къамел. Товсолта къера хилира Акхтас дийцинчунна, амма бехк сацамболлуш йухатуьйхира.
– Ладогӏал, нах! – мохь туьйхира цо шен цІовзамечу озаца. – Дала аьлла ду, муьлхха а ӏедал, иза бусалбанийн делахь а, керстанийн делахь а, – муьлхха а ӏедал Шегара ду, иза дӏакхехьа хӏиттийна адамаш – паччахьаш а, церан хьаькамаш а – Шен лаамца лела, царна дуьхьалваьлларг Шена дуьхьалволу аьлла. Оьрсийн паччахьан ӏедална кӏел ду вай. И паччахь а, цуьнан Іедал а делера ду. Оцу паччахьо молла хӏоттийначу сан бакъо йац цо хьаькхначу сизал тӏехвала. Паччахьо сайга бе аьлла хьехамаш бина ас тхешан йуьртахь рузбанан маьждигехь. Цо ваийтинчу палконако омра дича, нехан цӏенош дагош хьалха а ваьлла со. Амма ас цхьаннен цӏа а, чемхалг а ца йагийна. Цхьа а стаг ӏедале дӏа а ца велла, цхьанне айкх а ца ваьлла. Аш сайга хӏун де боху а ца хаьа суна.
– Тхо нажжаз деш, хьехамаш бирий ахь маьждигехь?
– Бира.
– Туркошна тӏехь оьрсийн паччахьна толам боьхуш, доӏанаш дирий ахь?
– Дира.
– И туркойн паччахь вац ткъа Дала хӏоттийна?
– Ву.
– Ткъа берриг паччахьаш дала хӏиттийна хилча, туркойн паччахьна эшамаш хӏунда боьхура ахь?
Товсолта вуьйхира.