Ца го хьуна и тӏелхигбевлла зударий, дерзина, модаша дуьзна, пханарш тӏедевлла бераш? Ӏа ду тӏедогӏуш, борз санна. Зударий, бераш мича кхелхар бу? Ӏедална дуьхьалгӏевттинарш тхо, божарий, ду. Тхуна тӏехь дехьа хьайна луъу таӏзар. Сибрех а дахийта, ирх а охка, меженаш йохуш, дарий, охьа а дахка. Ткъа зударех, берех, къеначу нахах къинхетам бехьа. Уьш битахьа хІокху йагийначу йарташкахь. Шун а ма бу цӏахь доьзалш, да-нана, зударий, бераш. Шайн ойла йайша, инарла.
Воккхачу стеган тӏаьххьара а дешнаш гочдича, кхитӏе а карзахвелира Смекалов.
– Шаьш паччахьна дуьхьал гӏовттуш, ца хаьара шуна, шайн зударий а, бераш а дуйла? Шаьш байъинчу салтийн цӏахь доьзалш бац, моьтту шуна? Аш бирий царах къинхетам?
Воккха стаг, лаьттан бӏаьра а вогӏавелла, дикка лаьттира вист ца хуьлуш. Шозза-кхузза цхьана кога тӏера вукхунна тӏе а вазвелира. Дакъаделлачу балдех мотт а хьаькхира.
– Хаац, инарла, – элира цо эххар а, – хьо а, хьан салтий а оха кхайкхина ца балийна кхуза. Ӏедало, мохк дӏа а баьккхина, мацалла хӏоттийна тхоьга. Тхан махка тӏера даьлла рицкъа ӏаьнах довла а ца тоьу тхуна. Тхан зударий, бераш дерзина ду. Аш тӏейетта йасакх текха ницкъ бац тхан. Аш тӏехь латто харцо, къизалла лан собар кхачийна тхан. Хьан харцоно гӏаттийна адам. Оха, нехан махка тӏе а девлла, цхьа а стаг ца вийна, цхьа дол а нехан латта тхешан дола а ца даьккхина. Берриг бехк шун ӏедалан бу, тхоьгара мохк дӏабаьккхинчу, тхан коча лолла ӏуьттучу…
– Тоийта! – йукъахваьккхира иза Смекаловс. – Некха тӏе гӏортийначуьра тоьпан йуьхьиг дӏайаьккхича, шу ца мега дела, ховшийна шуна йукъа эскарш. Гӏаттаман тхьамданаш, леций, соьга схьало, тӏаккха къинхетам бан тарло шун зударех а, берех а.
– Муьлш?
– ӏаьлбаг, ӏумма, Лорса, Тангӏай, кхиберш.
Баккхийчу наха йоцца кхеташо йира. Цара дуьйцург ца хезара Смекаловна а, йа цунна уллохь лаьттачу талмажна Мовсаран Элбина а. Нахе доцца хаттар а дина, жоьпе ладоьгӏна, цаьрга хьаьжира Чопал-Хьаьжа. Цуьнан хьажар тӏе мел нисделлачо меллаша корта ластабора. Чопал-Хьаьжас жоп а далале хиира Смекаловна тхьамданаша шен лехам