Ломан хьаьвхьен[27] агӏонца охьаволавелира Дада. Вист ца хуьлуш тӏаьхьаоьхура Бугӏа а. Селхана иштта разведке хьажийначу хӏокхеран жимачу разъездна дуьхьалнисйеллачу таллархойн командо цхьа стаг вийра. Иза схьаэца а ца кхиъна, йухабевлла гӏовттамхой вийнарг дӏавига йухабогӏур буйла хууш, дакъа гучу охьа а диллина, кӏелонна хевшира таллархой. Суьйранна бода булуш дакъа дӏадахьа баьхкинчу гӏовттамхойх кхин а масех стаг вийра.
Ӏаьржа-Ахках дӏакхеттачу хин цхьана гаьнна тӏекхочуш, оьрсийн маттахь къамел хезира Дадина. Тӏаьхьавогӏучу Бугӏега ларлуш хила аьлла, хичаш а йина, меллаша ког боккхуш, уллохьо гӏоьртира иза. Салтий садаӏа севццера кхузахь. Тоьпаш йара йуьхьигаш дуьхь-дуьхьал гӏортош ирахӏиттийна. Мачаш дӏа а йаьхна, шийлачу сирлачу хи чу когаш а бехкина, хевшиний, тевжиний ӏара уьш. Цхьаберш, йакъийна баьпкан йуьхкаш хи чохь йаша а йеш, йаа гӏерташ бохкура, наггахь верг цигаьрка уьйзуш воллура. Доккхачу дегӏарчу хьаьрсачу салтичун къамеле леррина ладоьгӏура цара.
– Нийса дерг аьлча, вежарий, со резаволуш тӏом бац хӏара, – бохура цо. – Туркойх леташ делара вай, хӏара мисканиш хьийзочул.
– Хӏун башхо йу, цхьа магометанаш ма бу уьш а, хӏорш а, – элира, коьрта кӏел куьйгаш дехкина, аркъал ӏуьллучу кхечо. – Туркой вайх летта, ткъа нохчий царна гӏоьнна гӏевттина.
– Сонта хӏума йу хьо, Петрович, – бехкбоккхуш вистхилира хьалхарниг. – Нохчийн хӏун гӏуллакх ду ворхӏ хӏордал дехьа бехачу туркошца?
– Цхьа басурманаш ма бу уьш а, хӏорш а. Халахета, шийтта шо хьалха хӏорш лаххьабелла шайн туркойн махка дӏа ца бахана.
– Адам дац хьо, гӏалгӏазкхи. Нохчий хӏунда боьлху кхузара дӏа? Церан даймохк ма бу хӏара.
– Тхо тарлур дац лул-лулахь.
– Хӏунда?
– Церан безам бац тхоьга.
– Церан бакъо йу шу ца деза. Іедало цаьргара дӏабаьккхинчу махка тӏе охьаховшийна шу.
– Хӏинца тхан бу иза. Оха хьацарца, цӏийца баьккхина. ДІо гена Россера веанчу хьуна атта ду иштта дийца. Хӏара гӏаттам хьаьшна баьлча, хьо дІагӏур ву, тхо кхузахь диса деза. Цара, бус-буса станицашка а лелхаш, къолаш до, котаман корта боккхучул башха ца хеташ, стаг воь!
– Моьттур дац, вай маликаш ду! – велавелира салти. – Россехь кӏезиг до