Гӏизлар-Гребенски гӏалгӏазкхийн сотнех, ламанан артиллерийн взводах вовшахтоьхна колонна Зандакъаний, Даьттаханий йуккъехь Смекаловга хьоьжуш сецира.
27 сентябрехь шеца йалх ротий, «таллархойн» масех командий, йиъ сотний, шиъ йоккха топпий йолуш Бена кхечира Смекалов ша а.
Шайн йалташ чудерзо арен тӏера хьалабаьхкина беной лебича, цунна хиира ӏаьлбаг шен тобанца симсаройн хьаннашкахь хилар. Амма, жимма ӏийча, лазутчикаша хаамаш беара, имам Булгӏат-Ирзехь ву аьлла. Смекаловс сацамбира, цӏеххьана йуьртана тӏе а летта, ӏаьлбаг а, йерриг тоба а схьалаца йа хӏаллакйан.
Амма Смекаловн план кхочуш ца хилира. Ӏалхан-Кӏотар а, Булгӏат-Ирзе а дӏалоцуш масех стаг вийра отрядера. Чевнаш хилларш алссам бара. Дарбеллачу гӏалгӏазкхийн дошлоша йагийра ӏалхан-КІотар а, Булгӏат-Ирзе а.
Делккъехь коьртачу отрядаца кхуза кхечира Смекалов ша а. Бахархошкара эцначу лемаша а, айкхашкахула гулбинчу хаамаша а гайтира хӏокху тӏаьххьарчу деношкахь гӏовттамхойн коьрта ницкъаш симсаройн хьаннашка гулбелла хилар. Цигахь бу, бохура, церан коьрта тхьамданаш а.
Амма, айкхаша дийцарехь, ӏаьлбаг иттех стагаца ӏаьнда ваханера.
Цхьана агӏор-м дика дара ӏаьлбаг а, ӏумма а Дегӏастана вахана. Вониг кхин ду: кхузара гӏовттамхойн гӏеранаш йохийна цахилар. Цаьршимма ӏаьнда гӏаттайахь, йуха а карзахйер йу Нохчмахка.
Іаьндахь ӏаьлбаг тӏеэцахь мегар дац аьлла, цигарчу наибна поручикна Гирейна тӏе геланча а, ӏаьлбаган лорах шиъ лазутчик а вахийтира Смекаловс.
Ӏуьйранна йалх сахьт долуш цхьацца агӏор дӏасайахара пхиъ колонна. Исс сахьт долуш тӏом хезира Афанасьевн колонна йаханчу агӏор. Массо маьӏӏехь йага йуьйлира бенойн кӏотарш. Наумовн колоннас хьалхара трофейш йахкийтира лагере. Суьйранна капитан Виноградов йухавирзира лаьцна ши доьзал, бӏе сов бежана а, пхи бӏе уьстагӏ, ткъа говр а йалош. Царна йукъахь бара дика кечбина Солтмурдан дин а.
Шолгӏачу дийнахь, малх лакхабаьлча, лагере йухайирзира ӏаьлбагна тӏаьхьайаьккхина Наумовн колонна а, лазутчикаш – вежарий Джамал а, Джаму а, Смекаловс Іаьнда вахийтина геланча а. Цара дийцарехь, Іаьнда ца вахавелла ӏаьлбаг, шен жимачу тобанца йуха а вирзина, лаьмнашкахула Симсара дӏаваханера.