бен хӏоъ-молха дац соьгахь.
– Мича девр ду?
– ТІехьа, корехула аралелха.
– Цигахь а ма бу салтий.
– Хӏумма а дац. Лийриг – лер, висинарг – кӏелхьарвер.
– Кӏантана хӏун дийр ду?
– Ас ма аьлла хьоьга, салташа цунна хӏумма а дийр дац.
– ЦІийнах цӏе йалахь?
– Вай дерриг Делан карахь ма ду. Охӏ! И дӏо лаьттарг Айсолта боху хьакха ду-кх!
– Ма ала иштта, – Іоттаре вистхилира Іаьлбаг. – Ахь-м, иза малик ду, ма бохура.
– Цунна тӏехьарниг Симсарара Сетаха а дера ву!
– Дика хьажа хьо, кхин дуккха а гур бу хьуна.
– Хьий, Делан мостагӏий, йаІ! Ас хӏинца оьцур хьан са, хьаьрса хьакха! Хӏей, Элби, Айсолта! – мохь туьйхира Солтмурда, корах ара а къедда. – Хезий шуна?
– Хеза, Солтмурд! Герз охьа а диллий, арадовла. Оха инарле къинхетам боьхур бу шуна, – дуьхьал вистхилира Айсолта. – Цо дош делла суна, муьлхха а сан дехар кхочушдан.
– Хьан да воллийла хьакхица, кхахьпано дина кхахьпа! – собар кхачийра Солтмурдан. – Мотт эцна даханера хьо, зуд?!
Сихха хьала а тесна, Айсолтина тӏе топ хьажийра Солтмурда, амма Коьрас йухадаьккхира цуьнан куьг.
– Ма тохалахь, Солтмурд! Цаьрга хӏара кӏант кӏелхьарвоккхуьйтур вай. Цунна тӏера цхьа чо талхабахь, шайн кӏур бойъур буйла хаийтахьа цаьрга.
– Охӏ, бакъ ма боху ахь! Хӏей, Айсолта, Элби! Тхоьца дейтта шо хенара жима кӏант ву чов хилла. Хӏара вехь а, лацахь а, оха цӏийнах, цӏарах, бахамах а дохур ду шу. Хезий шуна?
– Хеза. Хьан кхерамаш эрна бу, Солтмурд. Оцу чуьра хьо дийна ара хьан волуьйту? Цул, карадуьйла!
– Сан дош хезирий хьуна?
– Хезна.
– Диц ма делахь! Тхо-м карадогӏу. Тхо дайъахь а, лецахь а, тхан накъостий а, тӏаьхьенаш а ма йуьсу дийна. Нагахь хӏокху кӏантана зулам далахь, шуна хиндерг дуьйцу ас. Ца элира ала дац шуна!
– Дика ду, герз охьа а тасий, арадовла.
– ХІокху Делан сохьта. – Тӏаккха, аз лахдина, ӏаьлбаге вистхилира Солтмурд: – ТІехьара кор дохадай, аралелха. Со тӏаьххьара вер ву.
Нурхьаьжас мийра тоьхна гураца аратесира кор. Хьалха араиккхира ӏаьлбаг.
– Же, Солтмурд, аравала! – сихвира иза Коьрас.
– Со тӏаьххьара вер ву.
– Хабар дита. Хьо воккха ву. Хан ма йалийта!
Тӏехьара кор лардеш бертал ӏуьллучу масех салтичо, кор дӏа кхоссалуш а гина, тоьпаш туьйхира. Амма, уьш шозлагӏа тоха кхиале,