Ӏуьйранна а тӏом ца сецча, лагерерчу эскаре кхайкхам бира цо, шайн лаамехь цига баха салтий къасто. Лаамхой дуккха а бевлира, амма, цаьрга ша хьожуш, дегӏана ницкъ болуш, майра хир ву аьлла хета ши бӏе стаг а къастийна, пхоьалгӏа колонна а вовшахтуьйхира Смекаловс. Цунна коьрте капитан Лайминг а хӏоттийна, лагерехь цхьа тӏадам ца дуьтуш, дерриг къаьркъа цаьрга дӏа а делла, колонна сихачу маршаца Симсара хьажийра цо.
Де суьйренга лестича а ца соцура ламанца тӏом. Стигал къекъарх тера, цкъа – цхьанхьа, тӏаккха – кхечанхьа хезара цуьнан дур. Гуттар а са логе кхаьчча, ша ши де хьалха ӏаьлбаг волчу хьовсийна беной тӏе а кхайкхина, уьш йуха а лебира цо. Цара хӏумма а диканиг ца дуьйцура. Ӏаьлбаг а, цуьнан накъостий а бала кечбелла, дикка нахехь берданкаш а йу, бохура.
Хӏокху йуккъехула лелара цхьана газетан корреспондент а. Гӏаттаман йуьххьехь цхьа бутт хан йаьккхинера цо Батьяновн отрядехь. Тӏаккха вахана, аренгарчу йарташкахулий, станицашкахулий лелла, Грознехула, Владикавказехула хьаьвзина, схьавеана. «Кавказ» а, «Теркан ведомосташ» а газеташ тӏехь йоцца цхьа-ши корреспонденци йоцург, кхин гучуйаьлла хӏумма а йац, ткъа масех баттахь хӏокху областе хьийза. Селхана схьакхаьчна иза кхузахула волавелла лела. Хӏинца а вогӏу, эткаш йерриг хаттах а йуьзна.
– Де дика хуьлда, хьан локхалла! – тӏевеара иза четарна хьалха лаьттачу Смекаловна. – Тахана хаза йекхна йу. Мел хаза ду хӏара лаьмнаш.
– Хӏаъ, ӏалам хаза ду кхузахь, – тӏетайра Смекалов.
– Гобаьккхина гуш дийна са а дац. Йарташ хиллачохь кӏуьрзе пенаш лаьтта. Мича бахана кхузара бахархой?!
Абросимовна шера хаьара кхузарчу нехан кхоллам, хӏетте а, хӏуьттаренна санна, хоьттура цо.
– Арен тӏе кхалхийна уьш.
– Симсарара хабар дуй?
– Дац. Ладоьгӏуш ӏа со.
Абросимовс гонаха лаьмнашка бӏаьрг туьйхира. Оцу къоначу стеган ира, хьекъале хьажар ца дезаделира инарлина, селхана дуьххьара цунах бӏаьрг кхетча.
– Тахана-кхана чекхдер ду гӏаттамца дерг, – элира Абросимовс, схьа а вирзина. – Тӏаккха хӏун дан ойла йу шун?
– «Шун» бохург хӏун ду хьан, къона стаг? – хаьттира Смекаловс. – Со санна, оьрси вац хьо?
– Оьрси-м ву, амма оьрсий а ма бу башх-башха. Со тӏемало ма вац.