Селхана хӏорш кхуза кхаьччахьана, даим ойлане, тийна гора царна имам.
– Вайгара хьал гуш ду шу, кӏентий, – гонаха бӏаьрг туьйхира ӏаьлбага. – Вай хӏун дича бакъахьа хета шуна? Алал шайна хетарг.
Цхьа а вист ца хилира.
– Тхуна-м ма хаац, ӏаьлбаг-Хьаьжа, – эххар а вистхилира йуккъера цхьаъ. – Хьуний, хьан гӏоьнчашний дика хуур ду дан дезарг. Аш къастийнначу новкъа дӏагӏоьртур ду-кх тхо. Ахь алахьа хьайна хетарг, шайн барт хилларг.
– Бакъдерг аьлча, со дагаваьлла вац гӏоьнчех. Хӏара тӏаьххьара а сацам массара а цхьаьний, бертахь тӏеэца лаьара суна.
– Ахь алахьа, ӏаьлбаг-Хьаьжа, хьайн дагахь дерг, – элира Солтмурда. – Тӏаккха оха а аьр тхайна хетарг.
Ӏаьлбага йуха а бӏаьрг кхарстийра нехан йаххьаш тӏехула. Бете буй баьхьна, йайн йовхарш туьйхира цо.
– Делахь-хӏета, ас долор. Дах а дийр дац. Доцца аьлча, маршо ца йаккхалахь а, жимма паргӏато йаккхалур йацара-те, паччахьо доьзалш хене баххал латтанаш мукъане а схьалур дацара-те, жимма адамех тера даха а дуьтур дацара-те аьлла, гӏевттина вай. Ворхӏ бутт хьалха ваьш гӏовттучу хенахь, вай тешна дара вайца дерриг халкъ гӏоттург хиларх. Иза а, важа а ца хили. Вай долийна гӏуллакх эшаме дирзи. Дуккха а адам хӏаллакьхили, иттаннаш йарташ чим беш йагий, бӏеннаш доьзалш байлахь биси. Бӏеннаш нах махках бехи. Амма эшначу вайна тӏехь ден долу таӏзар хӏинца а ца долийна. Иза долор ду кхана-лама, Дегӏастанца дерг чекх а даьккхина. Суна хӏун лаьа? Лен волчу дархочо буьйса ма йоккхалда, бохуш кица ду. Вешан оьмарехь девлла лелла девр дац вай. Хӏинца дӏасадаржа. Ӏедало лаьцначунна а, шен лаамехь тӏеваханчунна а дерригенна а со бехке ван пурба ду шуна. ТІаккха, хьанна хаьа, къинхетам бан а мегий шух-м. Шух ца бахь а, шун доьзалех мукъане а. Со ӏедалан кара гӏахь, ас а, айса шу ӏехийнера аьлла, берриг бехк сайна тӏелоцур бу.
Нахана йукъахь резабоцуш гӏовгӏанаш йевлира.
– ӏаьлбаг-Хьаьжа, ахь дуьйцург-м хьуна тхо нах ца хетачух тера ма ду, – элира Раджаб-ӏелас массарна а тӏера. – Хьо бехкевар-м хьехо а ца оьшура, уггар хала киртиг тӏехӏоьттича, хьо-хьо а витина, тхо дӏасадаьржар доцийла ца хаьа хьуна?
– Ахь кховдийна хьалхара некъ оха тӏелацац, ӏаьлбаг-Хьаьжа, – имаме