– Нагахь вайшиннан кӏант хилахь Соип алий, цӏе тиллалахь цунна. Со санна, аьрха а воцуш, эсала кӏант вара иза. Амма – майра, къинхетаме. Нана мацалла ца йалийта гӏерташ, ша велира иза. Ший а цхьана буса делира и шиъ…
Болатна наб озош йоллуш, Деши кхайкхира цуьнга.
– Йоӏ хилахь?
– Хеда. Сан ненан безамна. ХІусамдена дика цӏийннана хилла ца ӏаш, тешаме доттагӏ а, берашна дика нана а, халкъан майра йоӏ а йара иза.
Арахь шолгӏа котамаш дека хезира.
– Болат.
– Вай!
– Хьох йаьлла, цӏахь Іалур йац-кх со.
– Ца ӏийча, йалац. Йерриг сан а ма йац хьо.
– Кхин хьенан йу со?
– Вайн декъазчу халкъан йоӏ а ма йу хьо. Цунна кӏант кхиавехьа, Деши.
Шолгӏа де цхьа а тайпа хийцамаш боцуш дӏаделира Болатан. Нах леца таӏзархойн отряд а ца йеара. Атталла Хортӏагӏар а бацара йуьртахь. Схьахетарехь, кхечу йарташкара нах лоьцуш, ӏедална гӏо дан бигнера ЧІонакъий, Инарлий.
Ша хирг хир аьлла, цхьаннах а ца лечкъаш, сарралц керт-ковхь цхьацца гӏуллакхаш а дина, суьйранна чувирзира Болат. Хӏара волчохь жимма хевшина а Ӏийна, дӏавахара Янаркъа а, Аьрсамирза а.
Сингаттаме а, йеха а йара хӏара гуьйренан цӏемза буьйсанаш. Ло а, догӏа а цхьаьнаийна хьийза дарц. БІаьрга Іоьттина пӀелг гур боцуш, ӏаьржа бода.
Хӏорш охьабийша ойла хилла бохкуш, керта говран тата деара. Сихха тӏе бедарш а йуьйхина, кога мачаш а оьзна, топ карахь араиккхира Болат. Кертан арахь цхьалха бере лаьттара. Амма иза ша вист ца хилча вевзар ву бохург хьехочохь а дацара.
– Ассалам алайкум! Хьаша тӏеоьций ахь, Болат?
Хазахеттачу Болатан мохь баллаза бисира.
– Іаьлбаг! Ва ӏалайкум салам! Хьо мичара вели?
ТІе а хьаьдда, говран урх а, луьйта а лаьцна, ӏаьлбагна охьавосса гӏо дира цо.
– Вало, чугӏо. Ас говр паргӏатйоккху.
– Хӏан-хӏа. Говр паргӏатйаккха ахь. Вайша Макка йолчу воьду.
– Чу а волий, жимма вохлохьа.
– ДІагӏур вайша.
Ӏаьлбаг ца Іай хиъча, цӏа чу а вахана, догу хаьштиг а карахь аравелира Болат. Амма хӏара шиъ ши бӏе гӏулч гена а валале дарцо йайъира хаьштигах летта цӏе.
– Хьо лаа веаний, Іаьлбаг? – хаьттира Болата шаьшшиъ дӏакхачале.
– Макке кадам бан. Бераш а ган. – ТІаккха, жимма вист ца хуьлуш а Іийна, тӏетуьйхира: – Кхана Шела ваха ойла йу сан.