Оьрсийн божарел дукха зударий бу кхузахь. Цунна реза вац инарла Смекалов. Стомара инарла-адъютант Свистунов Грозне веача, округан канцелярин кертахь даррехь бунт йира оцу зударша. Маьхьарий детташ, инарлина неӏалт кхайкхош. Кхойтта стагана ирхъолла йина кхел йохайе бохура. Йуьхьанца начальнико тергал ца дира и маьхьарий. ТІаккха шайн некхера бераш канцелярин уча охьадехкира зударша. Нагахь областан начальнико и кхел ца йохайахь, шаьш бераш дакхор дац аьлла, йухабевлира.
Зударий дӏасалахка гӏоьртина масех салти йиттина гӏибаваьккхира цара. ГІуллакх забарна тӏера даьллийла хиъна, Свистунов аравелира. Цуьнан когашкахь Іохкура бес-бесарчу шаршушний, тӏелхигашний йукъахьерчийна, нанойн накхойх дахарна а, наноша хьоькхучу цІогӏанаша кхерийна а, гай йатӏо санна, маьхьарий хьоькху кегий бераш.
– Харц кхел дӏайаккха!
– Мичахь йу нийсо?!
– Харцо йу массанхьа а!
– Кхел дӏайоккхуш, приказ йазде!
– Ца йаздахь, оха бераш дакхор дац!
– Адамаш дац шу?!
Свистуновна тӏаьххье араваьллачу эло Эристовс а, кхин масех эпсаро а халла дІатебира карзахбевлла зударий. Свистуновн йуьхь, оьгӏазвахна делахь а, йа кхеравелла делахь а, докъан баса йахана, макхйеллера.
– Лераме зударий! – кхайкхира иза, логера кочан ши мӏара дӏа а хецна. – Хӏун ду аш лелориг?
Зударийн йуха а маьхьарий девлира.
– Ладогӏал цкъа! – куьг хьалха тесира инарлас. – Суьдо кхел йинарш муьлш бу ца хаьа шуна? Уьш-х пачхьалкхан зуламхой бу. Вайн сийлахьчу паччахьна дуьхьал гӏевттина, шаьш тоьллехь шу, кху махкара берриг оьрсий байъа йа кхузара дӏабаха гӏевттина…
– Аьшпаш!
– Мозгӏаро дукха лекхна тхуна и зурма!
– Бакъ дац аш дуьйцург!
– Уьш маршо лоьхуш гӏевттина!
– Аш цӏий Іуьйду тхан а, нохчийн а!
– Маьршабаха тутмакхаш!
И хьербевлла зударий цигара дӏалахка салтий кхайкха аьлла, Эристовга приказ делира Свистуновс. Амма хьекъалечу эло къобал ца дира иза. Ницкъо къарбийр бацара уьш. Хаза дийцина, ӏехийна, дӏабаха безара. Эристовс, дехарш дина, жимма тебира зударий.
– Хьомсара зударий, эрна гӏовгӏанаш йо аш. Сан бакъо йац суьдан кхел хийца. И гӏуллакх паччахьан карадахана, – элира Свистуновс.