Хӏетта лагӏделла дарц йуха а хьераделира. Хӏаваэхь хьийзаш, ловзадуьйлура лайн чимаш. Амма адамо тапъаьлла тийна ладоьгӏура Даде. Къоначу стага собаре, паргӏат охьабалхабора ткъе йалх шарахь шен кийрахь ӏаьӏна бала.
– Суна хаьара, да ша схьалаьцначу новкъара вер воцийла. Хӏетте а, герз охьа а диллина, ӏедалца машарбар дийхира ас цуьнга доггах. Да реза ца хилира къийсам сацо. Цо бийцира халкъера бала. Иза-м суна а гуш бара. Суна хьалха ши некъ хӏоьттира: бакъонехьа къуьйсучу сайн дена, сайн халкъана дуьхьал латар йа, айса паччахьна муьтӏахьаллина биъна дуй къарбеш, дегахьа а, халкъехьа а ваьлла, церан бакъ гӏуллакхехьа къийсар. Аш хӏун дийр дара, господа, оцу хьоле шаьш эгча? Ас шолгӏа некъ къастийра. И ницкъ бу тахана со хӏокху тангӏалкхаш кӏел валийнарг. Эхь дина а, зулам дина а ца хӏиттина со а, сан накъостий а хІокху кӏел. Тхо цивилизацино кхоьллина якобинцаш йа декабристаш дац. Амма церан а, тхан а ӏалашо цхьаъ йара – маршо, нийсо, адамийн ирс. Цара цивилизацин серлонехьа къуьйсура, ткъа оха, боданечу ламанхоша, боданехь, тхайна ма-хуъу, тхешан ницкъ ма-ббу. ХІетте а, церан а, тхан а кхоллам цхьаъ бу – гильотина а, тангӏалкхаш а. Амма шуна, господа, – инарлашна, эпсаршна тӏевирзира Дада, – тхо кхойтта ирхъолларх, эзарнаш махкахбахарх, оцу тӏехь къийсам чекхболу ма мотталаш. Тхо цкъа а къарлур дац… цкъа а… Халкъел тоьлур бац паччахьаш… тоьлур бац… Ладогӏарна баркалла шуна, дамаш, господаш…
Хьалха ӏаьлбаг санна, цӏеххьана дӏакхоссавелла, шен когаш кӏелхьара гӏант дӏа а харцийна, хьалаоллавелира иза а.
Зударшлахь йуха а ӏадаме маьхьарий девлира…
Муьшаца хьийза Дадин дегІ, йуьхь къилбехьа а йерзош, нисдира Юсуп-къедас.
КІентан садаллалц цуьнга хьоьжуш а лаьттина, шен цӏе йаккхалц ца ӏаш, тангӏалкхашна тӏеволавелира ӏумма. Иза мел лечкъо гӏертахь а, кийрахь цӏе йара марсайаьлла йогуш. Оцу цхьана минотехь цуьнан шуьйра букъ хаъал сеттича санна хийтира суна. Цо ӏийшинчу баланашка хьаьжча, иза-м дика а висинера оцу хьолехь. Ткъа таханлерниг ирча де дара. Цуьнан къеначу бӏаьргашна хьалха саделира тӏаьххьарчу кӏентан.
Кӏанта когаца йуьстахкхоьссина гӏант схьа а эцна, цунна уллорчу