Владикавказ. 28-гӏа март, 1878-гӏа шо.
Балканехь а, Анатолехь а кхиамашца хьалхатеӏа оьрсийн эскарш. Гена ца хета тӀом, толамца машар беш, чекхбала дисина денош.
Амма тӏаккха а хӏун хир-те? ТІамо цкъачунна бицбина цӏера баланаш – къоьлла, мацалла, ӏазап, йерриг чоьхьара галморзахаллаш. Коьрта мостагӏ арахьарниг хета: доьзалехь дерш-м тарлур дара. Керлачу толамо мукъане а ӏазап жимма а дайдаре догдоху адамаша. Сонтачу адамашна ца хаьа тӏамехь цхьа а ца тоьлий. Тоьлларг а, эшнарг а – ший а оьшу. Хӏунда аьлча тӏамехь бӏе эзарнаш адамаш ма дойъу шиний агӏор. Эзарнаш адамаш заьӏап до, эзарнаш доьзалш байлахь, зударий жоьра буьсу.
Олалла дечу классаша, шайна аьттонаш лоьхуш, дов доладо, ткъа мискачу халкъийн цӏий ӏена…
Иштта схьадогӏу бӏешерийн дохалла.
Владикавказан урамашкахь го дукха хан йоццуш фронтера цӏа баьхкина нохчийн, гӏалгӏайн, хӏирийн, гӏебартойн дошлой. Мидалша, жӏараша къарзбина церан накхош. Зӏанкдаьхна хьийзийна мекхаш. Дукхахберш лахара эпсарш бу.
Уьш а бу толамхой. Цхьаболчара – туркойн фронтехь, вукхара – нохчийн гӏаттам хьошуш хьуьнарш гайтина.
Кхин нохчий а го кхузахь. Къаьсттина областан начальникан резиденцин кетӏа хьийзаш. Инарле дехарш дохьуш баьхкина. Шайн гергарниш бехке боцуш лецна, уьш маьршабахахьара аьлла баьхкинарш а, бехке хиллачарна къинхетам беха баьхкинарш а бу. ГІопехь хехь лаьттачу салташа керта битац уьш. Оцу керта оьхучу тӏеман а, граждански а нахана йукъахь тӏехьаьжча къинхетаме хир ву аьлла хетарг сацавой, шайн гӏуллакхах цаьрга далхо гӏоьрту уьш. Цхьаберш совцац, цхьаберш, бехкала боьлхий, бела а къежий, белш саттайой, куьйгаш дӏаса а тосий, тӏехбовлу.
Цигашха тӏехволуш, суна дуьхьалделира къона зуда а, йалхитта-вуьрхӏитта шо хенара кӏант а.
Кӏанта, шен четара схьа а даьккхина, соьга кховдийра деалха тоьхна кехат.
– Инарле, гинрал, давай, – элира цо, канцеляри цӏеношна тӏе пӏелг а хьежош.
Кехат схьа а эцна, даржа а дина, тӏехула бӏаьрг туьйхира ас:
«Цуьнан Локхалле, Теркан областан начальнике инарла-адъютанте Свистуновга, Веданан округан Гати-Юьртарчу йахархочуьнгара Данчаева Дешигара.