Соьгара масех цигаьрка а йаьккхина, баьржинчу шен бажана тӏаьхьавахара воккха стаг.
Ткъа со сайн ойланашца цхьа висира…
Хӏаъ, къаьхьа дакъа кхочу маршонехьа гӏеттинчуьнга. Дуьненан массо махкахь а. Хӏун хилла маршонна гӏевттинчу оьрсийн кӏентех? Шах ӏуьрг а даьккхина, хи чу кхоьссина вийна Болотников. Лобни меттехь цкъа хьалха меженаш а йаьхна, тӏаьххьара а кортош даьхна Разинан а, Пугачевн а. Къиза хьийзийна, ша-шега вейтира Радищевга. Пхиъ декабрист ирхъоьллира, бисинарш Сибиран каторгашкахула, кхуза Кавказехула баржийра.
Массо а цецвуьйлу хӏокху кхойттанан турпалчу ӏожаллех. Хӏокху майдана баьхкира уьш, вовшашка лохха къамелаш а деш, забарш а йеш.
Иштта лаьттира уьш кхузахь а, хьалаохка шайн рагӏ тӏекхаччалц. Ткъа ӏаьлбага надзирательна тоьхна мийра? Цхьана агӏор лаьттачу мундирашка цо дера кхарстийна бӏаьрг? Халкъан турпалчу иллица цо тӏаьххьара садаӏар? Къоначу Дадин къамел! Моьттур дара, иза цхьана банкетехь дош олуш ву. Ткъа къеначу ӏуммас инарла Чермоевн йуьхьадуьхьал тоьхна оьгӏазе дешнаш, лечу минотехь цуьнан йуьхьа тӏехь дисина цавашаре велар?
Хӏун дара-те царна и собар, къонахалла, ницкъ белларг?
ХІокху кхойттаммо къизаллин а, оьздабацарийн а лараш ца йитина шайна тӏаьхьа. Оцу дийнахь церан бакъо йара майрра муьлххачу а халкъан бӏаьра хьовса: уьш халкъан маршонехьа гӏевттинера, цара шаьш ма-аллара, цхьана а машаречу, бехкбоцчу адаман са ца даьккхира, цхьа а сийсаз ца винера. Бакъонан гӏуллакхна гӏевттина уьш, цхьа тӏадам а эхьан томмагӏа доцучу оцу халачу некъахула чекх а бевлла, шайн синошца цӏена болуш хӏуьттура тангӏалкхашна кӏел.
Дог цӏена хилча, атта ду кхерамна, ӏожаллина дуьхьалхӏотта а, вала а. Дог цӏена хилча, майра хуьлу стаг.
Хӏинца хӏокху тӏулга кӏел лаьттах Іохку уьш кхойтта. Безамехь къона ӏаьлбаг, куьце Дада, буьрса ӏумма, зоьртала илланча Нурхьаьжа, эгӏаза Къосам. Хезаш санна хета Нурхьаьжин кӏеда, дуькъа аз. Дадин гӏайгӏане, амма майра къамел. Ӏуммин буьрса дешнаш, Къосаман йукъахдисина весет…
Хенан йохалла дӏабер бу кхузара хӏара тӏулг а. Баккъал а, атталла тӏехӏотта кошан барз боцуш вовр ву-те хӏара кхойтта турпал?..