1 Тагӏа – сторпал.
2 Ӏузара – гӏийла, оза, эгӏаза.
3 Эдагий – адыгаш.
4 Ӏаспар – оза, къена говр.
5 Баттам – кхийра кӏудал.
6 Чалдам – байракх тӏейихкина буткъа гӏуркх.
7 Хаьлжаг – байракх (нохчийн шира дош).
8 ТІотІеш – тиша, тӏелхигйевлла бедарш.
9 Сенарваьлла – агӏорвирзина, разваьлла.
10 ГІопал хир ву – Далла гергахь бехке хир ву (динан термин).
11 Бӏаьнбӏаьргаш – разведчикаш.
12 Каннибалаш – адамаш дуу акха къам.
13 Инжил – Евангели.
14 В. И. Немирович-Данченко. Вдоль Чечни. «Русские ведомости», 1888 г., январь-февраль, № 27–28.
15 Н. А. Добролюбов. О значении наших последних подвигов на Кавказе. Журнал «Современник», 1859 г. № 11. Н. Добролюбов. Собрание сочинений. М., 1962 г., т. 5, стр. 430.
16 Ишар – пароль.
17 Боьлак – шакъаьстина жима хьун.
18 Окъамаш – йаккхий кескаш.
19 Мерцхалдигаш – олхазарийн тайпа.
20 ЦГВИА СССР, фонд ВУА, дело 6685.
21 Ниша – тоьпан ӏалашо лоцу биргӏанна буьххьера чӏинт (мушка).
22 Нитӏа – коча хатт.
23 Лахахь далийна инарлин А. П. Свистуновн дешнаш схьаэцна цо йазйинчу «Очерк восстания горцев Терской области в 1877 году» «Военный сборник», том CCXXVIII № 3–4. С.-Петербург, 1896. 241–266 агӏонаш.
24 Кхузахь Я. С. Абросимовс хьахийнарг Н. А. Добролюбовн «О значении наших последних подвигов на Кавказе» статья йу. Иза дуьххьара зорбатоьхнера «Современник» журнала тӏехь (1859, № 11).
25 Я. С. Абросимовн йозанашкахь йалийна коьрта факташ схьаэцна оьрсийн прогрессивни публицистан А. Абрамовн 1884-чу шарахь № 1 йолчу «Дело» журнала тӏехь зорбатоьхначу «Кавказские горцы» очерка тӏера. И очерк йуха зорбанехь арайаьлла 1927-чу шарахь Краснодарехь.
26 Хӏинцалерчу терахьца – 1877 шо.
27 Хьаьвхье – ломан малх тӏе ца кхета агӏо.
28 Лакхахь далийна кхо масал Я. Абрамовн «Кавказские горцы» очерк тӏера схьаэцна.
29 Албай – туркойн эскарехь полковникан чин.
30 Солтмурд а, Сулиман а ведда Турце вахар чӏагӏдо А. П. Свистуновс (А.С. Очерк восстания горцев Терской области в 1877 г. «Военный сборник». Т. ССХХХ, № 7, 1896 г.). Изза концепци йу революци хилале хьалхарчу а, советски а историкийн талламашкахь. Амма Солтмурд ца вахана цига. И эладита а даьккхина, лечкъина цӏахь висина. Бенахь дӏавоьллина каш ду цуьнан. Сулиман Сирехь дӏакхелхина. (Автор).