– Иза-м хиндерг деца. Дуьхьало йинарг Сибрех а вохуьйтур ву. Хӏумма а дац, ша дуткъделлачхула хедар. Хӏинца дийцал, хӏун гин хьуна церан агӏорхьа?
Модаший, томканой ӏаржйина кисет схьа а йаьккхина, йуткъа луьйдиг а къастийна, керла гӏели хьарчо вуьйлира Васал.
– Тоъал ницкъ битина гӏалгӏазкхийн станицашкахь. Къонаниш эскаре бигна, амма шовзткъа-кхузткъа шерашна йуккъера гӏалгӏазкхий, суна хетарехь, шина эзарнал тӏех хир бу. Уьш кийча бу тахана а дойшна тӏе ховша. Соьлжан полках дерг хаац суна, Гӏизлара-Гребенски полкан йиъ-пхиъ йоккха топ йу.
– ӏумхан-Юьртахь?
– Виъ бӏе салти а, цхьа йоккха топ а.
– Баркалла хьуна, Васал! Доккха гӏуллакх ду ахь динарг.
Арахь цхьамма Эсете къамел деш, ша хоттуш хезира Къайсарна. Дукха хан йалале, салам луш, чоьхьавелира Овхьад.
Васал, бӏаьргашца хаттар деш, Къайсаре хьаьжира.
– Хьайн доттагӏ волчу сакъера гӏо хьо, Васал, – аравала пурба делира Къайсара воккхачу стагана. – Со, Болате хьоьжуш, соцур ву.
Васал чохь карийча, стенна делахь а, воьхна хьаьвзинчу Овхьадна баьрчехь меттиг гайтира Къайсара.
– Охьахаа, Овхьад. Тхан хӏусамаш миска-м йу. Хьо санна хьаша веача, кӏел хӏотто жӏай-гӏант а дац, йа кӏел таса куз а бац…
Вуьшта а, кху кегийрхойх ийзалуш, хала лелачу Овхьадан, эхь хетта, йуьхьах цӏе летира.
– Къайсар, и шун Іиттарш кӏордо йоьлла суна, – элира цо, маьнги йисте охьа и хиъна, Къайсаран бӏаьргашна тӏе бӏаьргаш а боьгӏна.
– ӏиттарш йац уьш-м. Бакъдерг ду. Хьалдолчо шен хьал хестадо, мискачо шен къоьлла йалхайо. Уьш дуьтур вай. Хьо лаа варий?
Ког ларамаза гоьла тӏе а баьккхина тӏаккха, шен когара хьаргӏа басахь къега эткаш гича, иза охьа а баьккхина, Къайсар цхьана минотана дӏавирзича, резавоцуш шена тӏерачу даточу бустамашца кечдинчу чоэ хьаьжира Овхьад. Баккъал а, йоккха башхалла йан а йара Къайсаран йакъайеллачу неӏармачашний, чордачу машин йоманаш латийначу хечиний, эттӏачу чоиний, Овхьадан духарний йукъахь.
Коьртара баьккхина сирачу холхазан куй, Къайсарна гучуьра баккха санна, шена тӏехьа дӏа а тесна, хаза хьовзийначу ӏаьржачу мекхех куьг хьаькхна, шен хьекъале бӏаьргаш сацамболлуш цунна тӏебуьйгӏира Овхьада.
– Хьо лоьхуш веана со, Къайсар.