И ойланаш хьийза Къайсаран коьрте а. Цара садуу цунна тӏаьхьавогӏучу Болатан а. ХІуъу хилахь а, шен са кхолламан кара а делла, цаьршинна тӏаьхьахӏоьттинчу Овхьадан а.
Йуькъачу хьуьна чухула, лаьхьа санна, сетташ хьалаболучу готтачу новкъа тӏаьхьий-хьалхий могӏа бина воьду и кхо бере. Церан ойланех кхетча санна, байн ког буьллуш, атталла багахь гаьллаш ца карчош, хур ца деш йогӏу говраш а.
Бакъду, хӏара де тӏехӏоьттича, сапаргӏатдаьлла Къайсаран а, Болатан а. Кхерамениг а, садуург а тӏаьхьа дисина. Кху тӏаьххьарчу масех шарахь цхьа минот а йацара тешам болуш. Къайле гучуйаларна йа шайн накъостий лецарна, йехачу хенахь шаьш халла вовшахдиттина гӏуллакх эрна хиларна, шаьш хала уьйзу олаллин дукъ гуттаренна а кочахь дисарна кхоьрура.
Хӏинца тӏаьхьа бисина кхерам. Тӏекхаьчна цара сатийсина де. Тӏейогӏучу хено къастор бу церан кхоллам. Йа тоьлла, йа эшна.
Хонкарара къайлах цӏа вирзинчу Коьрица селхана Симсара вахана Къайсар сийссарехь йухавирзира Гати-Юьрта. Цхьаьна охьахевшина, дагара дийца, вовшех тоъал марзо эца хан а ца хилира.
Къайсаран деган кӏоргехь цуьнан шен бертаза йукъ-кара шеко а гӏуьтту. Хӏара тӏаьхьавогӏу Овхьад бахьана долуш. Къайсара дош делла ӏаьлбагна, иза тешаме хилар шена тӏелоцуш. Амма, цхьа хало киртиг тӏейеача, ӏожаллина дуьхьал нисвелча, дохковерий-те иза ша, хьолах а, бахамах а къаьстина, кху новкъа валарна…
Къайсара шен говре болар лагӏдайтира.
– Овхьад, вай хьалхарчу хана тӏекхочуш лаьтта, – элира цо лохха. – Цунах тӏехваьлча, йуханехьа некъ бац. Тхо маршонехьа гӏевттина. Кхидӏа садетта ницкъ ца тоьъна. Нагахь эшам хилахь, кийчча тангӏалкхаш йу, лаххара а, ӏазапе Сибре йу тхоьга хьоьжуш. Амма хӏокху къизачу дахарал тхуна ӏожалла тоьлуш хета. Хьуна оьшуш хӏумма а дац. Оха лоьхург хьан долуш ду. ТІаьхьа доцчуьра, йухаверза, кхин цкъа а бакъо ло ас хьуна.
– Йух-йуха а хӏунда дуьйцу и, Къайсар? – корта хьовзийра Овхьада.
Баккъал а, Овхьадна кӏордийна Къайсаран хьехамаш. Цунна ца хаьа кху тӏаьххьарчу шина шарахь Овхьадан даг чохь лаьтта луьра къийсам. Оцу Буритӏе а ца нисвеллехьара-м, Овхьад тховса ца хила а магара кхуза вогӏуш. Цигахь цо дешар, паччахьан хьадалчийн