– Нагахь вай вешан маршонехьа гӏовтта дагца чӏагӏо йина схьагулделлехь, и сацам дуйнаца чӏагӏбан реза дуй вай?
– Хьалха имам харжа! – маьхьарий девлира нехан.
– Имам массара дуй биъначул тӏаьхьий бен хоржур вац вай, – аьттехьа а ца дитира и Солтмурда. – Хьуьси-Хьаьжа, хьайн Къуръанца схьанехьа ваьл. Кегийрнаш, аш цӏе марсайаккха. Уггар хьалха дуй буур бу тхьамданаша. Тозуркъа, вайн байракх кхуза дӏахӏоттайел. Ас цӏе йаьккхинарг схьатӏевогӏур шу.
Оцу минотехь говрара охьаиккхина, Къайсара кхин а цхьа кӏудал йассийра цӏерга, ткъа Тозуркъас хӏетта цӏанбинчу ши аьрша гӏуркха тӏехь чӏагӏйина байракх хьалахӏоттийра. Гонна хьалха лаьтта Хьуьси-Хьаьжа, схьанехьа а ваьлла, кара Къуръан а лаьцна, дІахӏоьттира…
– Олдаман ӏаьлбаг-Хьаьжа! – чӏоггӏа мохь туьйхира Солтмурда.
Говрара каде охьаиккхинчу Іаьлбага, ондда гӏулч йоккхуш тӏе а веана, аьрру куьйга байракхан чалдам[6] лаьцна, аьтту куьг Къуръан тӏе диллира.
– Ас, Олдаман кӏанта ӏаьлбага, кхузара берриг нах теш лоцуш, хӏокху Къуръан тӏехь дуй боу, – болат санна, дийкира цуьнан майра аз, – сайн халкъ ӏазапехь даллочу, иза сийсаздечу паччахьан ӏедална, вайн къомах болчу цуьнан хьадалчашна дуьхьал тӏамца гӏатта, сайн дегӏа чуьра са дӏадаллалц цуьнца къийса, цунах сайн халкъ маьршадаккха йа Іожалла тӏеэца. Сайна, сайн йиша-вешина мел йоккха хало тӏехӏоттарх, айса схьалаьцначу некъа тӏера дӏа ца вала, халкъан маршонан дуьхьа сайн са дӏадала. Тховса кхузахь хоржу волчу имамна, баьччанашна тешаме хила, оха йуьхьарлаьцначу гӏуллакхна йамарт хиллачу стагах, иза сайн да велахь а, нана йелахь а, йижарий, вежарий белахь а, царах уггар луьра бекхам эца. Нагахь иза герзаца йа маттаца тхан гӏуллакхна дуьхьалваьлла вацахь, бусалбанна а, керстанна а зулам ца дан. Нагахь ас хӏара дуй къарбахь, сайн цӏий хьаналдо ас…
Беттасино серладаьккхинчу ирзо тӏехь цӏена декара хьалхарчу дуйнан аз. Доьӏу синош совцийна, ладоьгӏура гулделлачу адамо. Ца хезара атталла дитташ тӏера гӏаш дегалуш а. Декачуьра севцира буьйсанан олхазарш а. Хеталора, стигалара бутт а, седарчий а цуьнга ладоьгӏна севцча санна.
Хьурмате а, инзаре а йара и миноташ.