Абу Хӏурайра ӏабдур-Рахьман бин Сахра (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла:
«Аса шайна дихкиначух (ца магийначух) ларло, Аса шайга омра диначух шайга далуш дерг де. Боккъалаъ, шул хьалха баьхнарш (хилларш), цара хеттарш дукха дар а, уьш шайн пайхамарашна ӏеса хилар а бахьана долуш хӏаллакбина.»
[(«Иӏтисам бил китаби вас суннати» жайнахь Бухарис дийцина: 6777, Муслим: 1337)].