Абу ӏамр (я Абу ӏамра) Суфъян бин ӏабдуллахӏа (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла:
«(Цкъа) хаьттира аса: ««Хӏай, Аллахӏан элча! Исламах лаций дешнаш алахьа соьга, (цул тӏаьхьа) кхечуьнга цхьаьнгге а аса цуьнах лаьцна хоттур а доцуш». Цо элира: «Ала: «Аллахӏах теша со». Цул тӏаьхьа нийсонна тӏехь а саца»»