Веза-Сийлахьчу Аллахӏе вирзира со истихаратехь, хӏокху гӏарабевллачу имамийн а, Ислам-дин иштта биссиначу пайхамарашна а, элчанашна а, церан массеран доьзалашна а, массо кхинболчу дикачу нахана а!
Ӏеламнаха (Аллахӏ реза хуьлда царна) ӏаламат дукха жайнаш яздина, оцу жайнашкахь гулдина шовзткъа хьадис а долуш, динан тайптайпанарчу хьажарех лаьцна. Суна ма-хаъара, хӏара санна долу жайна дуьххьара яздинарг ӏабдуллахӏ бин ал-Мубарак ву, шолгӏа и яздинарг - динан ӏилманча Мухьаммад бин Аслам атТӏусий ву, цул тӏаьхьа иштта жайна яздина алХьасан бин Суфйан ан-Насаийс, тӏаккха - Абу Бакр ал-Ажуррийс, тӏаккха - Абу Бакр Мухьаммад бин Ибрахӏийм ал-Асфахӏанийс, тӏаккха - ад-Даракъутӏнийс, тӏаккха - ал-Хьакима, тӏаккха - Абу Нуӏайма, тӏаккха - Абу ӏабд ар-Рахьман асСуламийс, тӏаккха - Абу Саӏийд ал-Малинийс, тӏаккха - Абу ӏусман ас-Сабунийс, тӏаккха - ӏабдуллахӏ бин Мухьаммад ал-Ансарийс, тӏаккха - Абу Бакр ал-Байхӏакъийс, иштта кхин дуккха а ӏеламнаха а яздина, тайп-тайпанарчу хенашкахь а, шен-шен заманашкахь а баьхна хилла болучу, багарбан а ца тарлуш.
Веза-Сийлахьчу Аллахӏе вирзира со истихаратехь, хӏокху гӏарабевллачу имамийн а, Ислам-дин лардархойн а лорах иштта кхин а шовзткъа хьадис гулдан сайна аьтто бар доьхуш. Хӏара жайна яздан долочу заманчохь аса куьйгалла дира лахахь далийначу Аллахӏан элчанан (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), бух цӏена болучу хьадисашкахь далош долучу дешнашца: «…Шух кхузахь волучо хаам бойла кхузахь воцучуьнга» (Бухари, Муслим). Иштта: «Аллахӏа хазахетар дойла, аса аьлларг а хезна, (и дешнаш) шен дагахь а латтийна, (шена соьгара ма-хаззара нахе) уьш дӏадовзийтиначу стагана» (Абу Дауд, Тирмизи, ибн Мажат).