Самӏанан кӏанта Навваса (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Дикалла - гӏиллакхийн хазалла ю, ткъа къилахь дерг - хьан дагчохь шеко хьийзарг ду, цуьнах дерг хьуна нахана хаа а ца лууш долу.»
[(Муслим: 2553)].
Маӏбадан кӏанта Вабисас (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла:
«(Цкъа) Аллахӏан элча (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу веара со).
Цо хаьттира (соьга): «Дикаллех (лаьцна) хатта веаний хьо?».
Аса элира: «Хӏаъ».
Цо элира: «Хьайн даге хатта (цуьнах дерг), (хӏунда аьлча) дикалла - хьан сино а, даго а тешам хьоьхург ду, ткъа къилахь дерг - хьан са хьийзориг а, хьан дагчохь (шеконе ойла) керчориг а ду, наха хьоьга алахь а: «Ахьа нийса дина и.»»