Ибн ӏаббасан (Аллахӏ реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Арз мел дечунна дезарг дӏалуш делахьара – цхьаболчу наха дӏабоьхур ма бара кхечу нехан бахамаш а, (адамийн) дахарш а. Мухха далахь а, девнан дас - тоьшалла (далил) дало деза, жоп лучо (бехке вар тӏе ца оьцучо) - дуй баа беза»