Абу Хӏурайрас (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, (цкъа) Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Вовшашца хьаьгӏнаш ма леца. Мах барехь вовшийн ле ма де. Вовшашна оьгӏазъэхар дита. Вовшашна баккъаш ма детта. Вовшийн мах ма бохабе (юкъа а эккхий, хӏума ма эца). Хӏай, Аллахӏан лайш! Вежарий хила шу. Бусалба стаг - бусалба стеган ваша ву: цо (бусалба нахах цхьаммо) вукхунна (бусалба стагана) гӏело ян йиш яц, цуьнах ца ваша йиш яц, иза гӏо доцуш вита йиш а яц. Ткъа Делах кхерар кхузахь ду» – пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхузза (шен куьйга) шен накха гайтира. (Цул тӏаьхьа элира цо): «Стаг вон хила (кхин хӏумма а ца оьшуш) тоам болуш ду - иза шен бусалба вешех цавашар. Хӏора бусалба стагана бехке (хьарам хила дезаш ду) кхинволучу бусалба стеган дахар а, бахам а, сий а.»