Абу Хӏурайрас (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«ВезаСийлахьчу Аллахӏа аьлла: «Сайн гергарачуьнца (велийца) мостагӏалла лелош волучунна - Аса тӏом дӏакхайкхабо! Сан лайно Суна герга хила гӏерташ дечух Суна уггаре дукха дезаш дерг - Аса цунна парз дина тӏедиллинарг ду. Сан лай хаддаза Суна герга хила гӏертар ву, хьакъ долучул сов (навафилаш) а деш, - Суна ша везаваллалц. Суна иза везавелча - цуьнан хазар а хилла дӏахӏуттур ву Со, цуьнан гӏоьнца цунна хезар долуш, цуьнан гар а хилла - цуьнца цунна гур долуш, цуьнан куьг а хилла - цо цуьнца (хӏума) схьалоцуш долу, цуьнан ког а хилла - цуьнан гӏоьнца и лелан волу. Нагахь цо (муьлхха а хӏума) Соьга дехахь – Аса, билггал, лур ду цунна (и). Цо Соьга ша ларвар дехахь – Аса, билггал, ларванза а вуьтур вац иза»»