Муъма-нехан Амира Абу Хьафс ӏумар бин Хаттӏаба (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла:
«Боккъалаъ, ӏамалш негаташка хьаьжжина ю, хӏора стагана а цо (и дан) негат диннарг ду. Цундела шен махках валар хилларг Аллахӏан дуьхьа а, цуьнан элчанан дуьхьа а - цуьнан махках валар Аллахӏан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа хир ду. Ткъа, шен махках валар хилларг муьлхха а цхьана дуьненан хӏуманан дуьхьа, ша гулдан лерина долучу, я ша ялор йолчу зудчун дуьхьа - цуьнан махках валар и ша махках ваьллачу хӏуманан дуьхьа хир ду».