Ирча сурт дара кӏантана хӏинца гуш дериг! Хӏинцца цхьажимма хьалха хаза тӏе́маш а лестош охьахиъна, хазчу боларца болабелла лелла кхокха… Лозийна бетталуш, кагбинчу тӏемо, лозийначу коьрто къиза хьовзийна бара иза.
Уггаре а инзарениг — оцу хазчу кхокхана иза дезарг динарг хӏара ша́ вара, Беслан! Кхокха-м бетталуш леш боллура, схьахетарехь. Му́ха нисдирийра дара ша́ дина зулам хӏинца!
— На́на! На́на! – цӏогӏ э́лира Бесланас ша́ хӏун дийр ду а ца хиъна.
Ра́гӏу кӏелхьара беша а́радо́лучу жимчу кевнах схьахаьдира Бесланан на́на. Цунна-м моьттура ше́н кӏантана цхьаъ вониг хилла. Хийлаза на́нас диттан гаьнна тӏера охьаваьккхине́ра иза чувожарна кхоьруш. Хӏинца-м иза чувоьжна ваьлла моьттуш йара на́на.
— Хӏун хилла! – кхерайелла хоьттура цо геннара.
Амма Беслан хӏоьттина лаьтташ гича, мела а сапаргӏат хилира иза. Улло́ кхаьчча-м дог ӏовжийра цуьнан! Кхокханехь болу ба́ла гинчу муьлххачу а дикачу стеган ца ӏовжадойла а да́цара дог!
— Хӏун хилла! Хӏун дина цунна? – хоьттура на́нас кӏанте.
Амма Беслан-м ӏадийча санна лаьттара.
— Хьажийтал, и хӏун йу хьан буйнахь йериг? – кӏентан буйнара ӏад схьаоьцуш кхийтира на́на хиллачух.
— На́на! Иза лийр буй? Иза леш буй! Адамаш а лей иштта! – не́нан марахьерчара догдоьхна кӏант.
— Де́ра, адамаш санна лоза ма до кхокхий а, шайолу чохь садо́лу хӏума а! Адмашка санна мохь ца хье́кхало-кх цаьрга! Хӏунда йи ахьа и къизалло! – хоьттура на́нас кӏанте.
Кестта сецира бетталучуьра миска кхокха а. Кӏант ган ца лууш санна дӏаберзийна гӏийла корта а болуш, диллина дисина чохьсадо́цу бӏаьргаш а до́луш ӏуьллура иза диттан кӏелахь.
Хӏокху хазачу бӏаьста, заздаьлла серлайаьллачу бешатӏехула и кхокха кхин цкъа а лелара бац самукъадаьлла ше́н кӏайн тӏе́маш а лестош хӏаваэхь! Цо кхин самукъадоккхур дац адамийн а, хӏаваэхь жима кӏайн марха санна гучуболуш, малхехь лепаш.!
2005 шо.