Жима кӏант Дана цхьана кӏирана ӏен валийнера цуьнан нанас Бабий, Воккхададий волчу. Иза-м чӏогӏа хаза хан йара кӏантана, кхузахь бабас куьйгаш тӏе а вуьллий лелавора иза: даима хьоьстуш, мерза йаахӏуманаш йеш. Мел мерза чӏепалгаш, хингалш дан хаьара бабина, мел мерза хуьлура хӏинцца нохчийн пешара йеттина йаьккхина тӏера ӏа а гӏуьттуш сискал тӏоберамца, сийначу хохашца, цӏен хорсамашца. Ткъа угаре а Данина кхузахь хазахетарг – иза суьйрана рагӏукӏелахь нохчийн пешана цӏеран серлонна хьалхахь бабас дуьйцуш долу туьйранаш. ӏаламат дукха а хаьара бабина и туьйранаш. Йалх шо долу Дана шена улло а хаавой, цуьна хьалха нийса хадийна сирла кӏужал болу месашна тӏехула куьг а хьокхуш, хьостуш йолалора баба шейен туьйранех цхьаъ дийца:
Цхьана ширчу заманчохь, ворхӏломал ва дехьахь
ӏаш-ехаш ма йара цу къенчу цу бабин
Бутт санна ва хаза, малх санна сирла йоӏ!
Оцу йоьӏан ма вара, дог майра шейен долуш,
И къона иччархо, екханаш дайъархо.
Хазахетара цу йоӏна и къона иччархо,
Кӏантана йоӏ йезара шейен сил а ва дукха.
Йоӏна ма ца лаьа-кх тӏехьийзачу цу кӏанта
Иэкханаш дойийла шер ирчу цу пхашца.
Оцу бабин жима цӏено ма дара хьуьнайисттехь,
Бовхачу цу малхах гаьннашкахь хьулделла.
Куц хаза лу дара цу бабин ва йьӏан
Хьуьнхара кест-кестта хьошалгӏа ша догӏуш.
Оцу луна кечйина бабин цу хазчу уьйтӏахь
Мерзачу цу хьаьжкӏийн буьртигаш хуьлура.
Шейен нанас шейен дена йина йиша ва санна,
Дезар-кха цу йоӏна хьуьнхара хьаша лу.
Йоӏ чӏогӏа кхоьруш йара иччархон цу ӏодах,
Шок йета ира пха шейен луна кхетарах!
Кхийринарг кхочуш деш, ца лиънарг хуьлийтуш,
Цхьана хазчу суьйренца базбелла ког ойбуш,
Йоӏ йолчу лу кхечи, къинхетам ша лоьхуш!
Тӏехьара ког лоцуш пха богӏабеллера!
Куьгахара эрча пха озийна баьккхина,
Чов сиха йихкина садоӏан дитир-кха
Цу бабин ва йоӏа и хьаша миска лу.
Оцу сарахь суьйренца бузучу малхаца
И къона иччархо йоӏ йолчу кхечир-кхи,
Оцу бабин хаза йоӏ шена гаре сатесна.
Кертйистте йеза йоӏ схьакхайкха ва лиъна.
— Дӏавала гучура! Дог къиза иччархо!
Кхин бабин кертйистте улло ма гӏерталахь, -
Кӏант човхош элира оцу бабин ва йоӏа,
Къахьвелла веза кӏант уьйтӏара эккхавеш.