Хьалхале́рчу за́ман чохь цхьана йуьртахь ве́хаш хилла хьолана а, ницкъ болуш хиларна а, цӏарна а цӏе йахна во́лу цхьа э́ла. Хала а, къиза а хилар бахьанехь, на́ха цунна цӏе тиллина хилла ӏаьржа э́ла, аьлла. На́хаца кӏоршаме а, ше́н амалехь а хилла иза.
Луларчу йуьртахь байлахь висина шала вина жима ши ваша хилла, Хьасан, Ахьмад цӏе́раш а йолуш, шиннан а йалх-йалх шо сов хир долуш. Хьасан хье́къал долуш хиларна а, хазаллина а гӏараваьлла хилла. ӏаьржа э́ла царах шена кӏентий а бина, и шиъ схьавало вахана.
Хьасанна а, Ахьмадана а ре́за а хилла, схьава́лийна цо и шиъ. На́ха ма вийццара тӏех хаза а, хье́къал долуш а карийна цунна Хьасан, ткъа Ахьмад ца хилла Хьасан санна хаза а, хье́къал доккха долуш а.
ӏаьржа э́ла волчохь ве́хаш Хьасан а, Ахьмад а во́луш, шераш даьлла, ши кӏант воккха а хилла. Цу хе́нахь цу шиннан итт-итт шо дуьзна. Кхин тӏе а хазвелла, тавелла, ницкъ болуш хилла дӏахӏоьттина ши ваша. ӏаьржа э́ла Хьасанца чӏо́гӏа дика хилла. Ша́ цӏе́ра во́луш а, дехьа-сехьа воь́душ а, Хьасанна бехкамаш беш а йа хьехарш деш а ва́цара и, Хьасанна шена дикахо хаьа массо хӏума а, о́лий, дӏавоь́душ хилла и ше́н гӏуллакхе.
Бакъду, Ахьмадана-м ца хилла и Хьасанна санна ре́за, цул сов, Ахьмадана цхьацца бехкамаш беш а, жимма а бахьана даьлча, дов деш а хилла.
Цкъа, цхьана дийнахь, лула йуьрта эло тойне кхайкхина ӏаьржачу эле. Иза цига тойне вахана шеца Хьасан а эцна. Ахьмадана цхьацца бехкамаш а бина, шаьш тойне ваха а́раво́луш, цо Ахьмаде аьлла:
— Ахьмад! Аса Хьасане хӏумма а ца о́лу, цуьнга цкъа а хӏумма а ба́ха ца оьшу де́ла а, шега хӏумма а ца аьлча а, цунна дерриге а дан оьшург хаьа де́ла а. Ахьа вайн даьхни а ӏалашде, чуьра гӏуллакх а де, керт цӏена а латтайе, доцца аьлча, дан мел оьшу гӏуллакх де.
Амма вайн хьалхарчу цӏийнан къоьвлина йолчу неӏаран до́гӏа а ма да́ккхалахь, цу цӏийнан неӏ йелла а ма йеллалахь, хер а ма йелахь! Ледарло ахьа йа́лийтахь, аса могуьйтур дац хьу́на, виц ма лолахь!
И къамел а дина, шега кхайкхинчу тойне а вахана, цигахь э́лашца а, стунашца а сакъоьруш ӏаш хилла ӏаьржа э́ла.
Эло шега де аьлларг, дерриге а кхо́чушдина Ахьмада. Амма цхьа ледарло йаьлла цуьнгара: хьалхарчу цӏийнан неӏ, до́гӏа а даьккхина, дӏайиллина цо. Шегара ледарло ша́ хӏунда