Малхбузе хазъеш, чубуза дикка охьакерчина хилла малх. Йуьрта йистехула охьадоьдуш хаза хи а долуш, хина лахахьа агӏор тогӏи хилла, мехкарша а, зударша а хи а оьцуш, дийна салу а долуш, хӏор суьйранна хи йист а хӏуттуш. Маьӏ-маьӏӏехь пхьоьханаш а йина, сийначу бай тӏехь хоьвшиний, лаьтташший кегий нах а хилла. Хи эца хи тӏе оьхушший, хи тӏера цӏа оьхушший мехкарий а хилла. Суьйранна шайн дой хи тӏе а кхуьйлуш, хиш а мийлош, цӏа оьхуш кегий нах а, Хьасан санна а, цул даккхий а бераш а хилла.
Хьасан а веъна, шен дин-бекъа а эцна хитӏа. Массара а тидам бина Хьасанан. Даима а ма хеттара, и гина хаза а хетта царна. Бекъана хи а малийна, Хьасан цӏехьа воьдуш, мехкарша а, кегийчу наха а шех лаьцна дуьйцуш а, ша хестош а хезна цунна.
Хих кӏудалш а йуьзина, цӏехьа буьйлабеллачу мехкаршна уллохула а ваьлла, церан суьйре дика а йина, дӏаволавелла Хьасан.
Цу мехкарех цхьана йоӏа аьлла:
— Дуьнен чохь цкъа а хиллий-те Хьасан санна хаза а, хьекъал долуш а адам? Мел хаза а, оьзда а ву-кх и! Кхузара ӏӏ шеран некъ бан безачу махкахь йу боху, дуьненахь массарал а хаза йолу паччахьан йоӏ. Иза шена йуьйцу хезнехь, иза йало гӏург хир вара иза.
И дешнаш а хезаш, дӏавахна Хьасан.
Цӏахь чӏогӏа ойлане ваьлла Хьасан. Цуьнан дагахь хилла йоӏа хи йистехь аьлларг. Цо ойла йина шен вешин Ахьмадан а, шена йуьйцу хезначу паччахьан йоьӏан а. Хӏуьу а дина а, паччахьан йоӏ йолчу кхача а, цига воьдуш, шеца Ахьмад вига а дагахь хилла цунна.
ӏаьржачу элас хаьттина Хьасане:
— Хьасан, ахьа стенан ойла йо, ахьа стенна сагатдо? Цхьана хӏуманан ойланаш-м йо ахьа.
Хьасана аьлла:
— Бекъа хитӏа эцна ваханчохь, хи йистехь, сайна дуьйцуш хезначуьнан ойла йеш ӏара со.
Суна чӏогӏа лаьа цига ваха а, цига кхача а.
— И «цига» бохург, паччахь йоӏ йолчу бохург дуй хьан? Хьасан, и паччахьан йоӏ йолчу кхача ницкъ кхочурий-те хьан? И йоӏ йолчу кхача а, и ган а дукха элий, мехкадай, эпсарш, инарлаш, ткъа иштта паччахьаш а гӏиртина, амма цунна тӏекхача а, и ган а, цуьнца къамел дан а ницкъ ца кхаьчна церан цхьаннан а. Цу йоьӏан сурт даккхийта а, йа дешех кхелина цуьнан сурт кечдайта а ницкъ ца кхаьчна сан, сан доттагӏ волчу элан бен. И сан доттагӏ волу эла