Делахь а хеча дикка лекха йашонза-м ца висира и. гонаха хьаьжича гуш дийна дегӏ а дацара, ткъа тӏеда хеча настаршна тӏелеташ бала хьоьгура къонахчо. И бахьанехь гонаха дӏаса а хьаьжина сихха йаьккхира ӏандаркъас шен шуьйра шарбал олу хеча. Шен виран кӏайн букъна тӏейоьттинчу ӏалгӏожна тӏехула йаржош ластийна кхоьссира цо шен тӏеда хеча. Цу тӏеластайале хьалха иза-м ӏаьвдинехь а дацара хӏумма а. ткъа хечех охьаӏийдало тӏадамаш-м кегийра татолаш санна охьахьаьддера таьлсашна, силгахь йинчу нуьйрана а, цигара а охьадахча виран кӏайн дегӏан агӏонца чоьшна йуккъехь къевладолура. Шайна тӏехь хьекъна чо лаьцна йолу кӏайн настарш гӏовталан тӏемашна йуккъеша виран босца къийсайолийтуш, берзина кога йуьйхина тӏе газана мохь хаькхина базарденна къагийна муьжгийн эткийн, ӏаьржа бос шен настаршца, виран агӏонца а къийса йолийтуш шен виран боларца улло хӏоттина, хин тогӏин чухула охьанехьа гӏертара ӏандаркъа. Тогӏина аьтту агӏора жимма лекхо айделла брдаш дара, оцу бердатӏехула охьа боьдура базаран йуьрта ворданаш лелан некъ. Бердашна йуккъехь цхьана меттехь хьала болуш некъ а болуш, бердаш хи дистина деъча цухаьрчина меттиг бара. Оцу метте шен вир дерзийна тогӏийна чуьра хьалавалан дагахь вара ӏандаркъа. Дехьа, сехьа можа лаьттан бердаш а долуш чухирцина дикка беха бара бердах болу некъ. Эххар а бердах хьала велира тӏехь хеча йоцу къонах, Санчо Пансин виран Дон Кихот санна, шен кӏайн вирана улло а хӏоьттина, хьала-м велира къонах, амма ца ваьллехь а кхин хӏума а-м дацара.
Шен хеннахь, сатосуш малх анайист цӏенеш хьалагӏоьртича, арабевлла базарахь шайн гӏуллакх чекхдаьккхина цӏехьа бирзина ворданашкахь, говрашкахь, варрашна тӏехь, гӏаш бердах чувуллучу кхаьчна дуьхьала богӏура, шаверг бохург санна. Жима а воккха а, цӏе йаккхан йиш йоцучу кӏотаран бахархой. Бердаха болучу некъах хьалаваьлла дегӏ нисдина ӏандаркъий, кӏотархой вовшен дуьхь-дуьхьала нисбелла ыкъан а вовшен ца гича санна делахьа, «делахь, вай-м вовшен ца гинехь а ма хӏума а дацара» — аьлча санна делахь а, дикка хенахь лаьттира богӏабелла. Кӏотаройн бехачу могӏана тӏаьххьарниш, хьалхарниш сенна севцина техьа, аьлла хьоьжуш соцунгӏа хилла бисиера.