Дуьрстано ийзочу агӏора дӏа ца дагӏача балдаш чӏогӏа лозадора. Иштта йуьхь лаьцна диган дийзира ӏандаркъин шен вир йуьртах араваллалца, тӏаккха велира иза вирана буьххье.
Мовлин хӏумасхойн а, лулахойн а самукъадаьккхина вахана ӏандаркъа цл тӏаьхьа а хӏора базардийнхь схьаэхан марзвелира, иза хӏинца-м Мовлин хӏусамхо санна вара, цӏахь стагга а вацахь а, шен ден цӏа веъча санна вара иза хӏокху кертахь. Вирана-м гуттара дика хаьара Мовлин керта богӏу некъ, иза-м цӏа а ца доьдура иштта самукъадолий.
Дууш-молуш, садоӏуш буьйса а йоккхий ша дӏавоьдуш даима а кхойкхура ӏандаркъас Мовла шен хӏусамца ша волчу хьошалгӏа а, хьонка баккха а.
Иштта цхьана бӏаьстана йуьххье, Хӏийжанас хьахийра майрчуьнга:
— Деллахьа, стаг, оцу лакхарчу йуьртара и хьан хьаша а вара шайга ца догӏу бохуш халахеташ. Цаьрга а хӏуттуш. Цигарчу хьуьнхахь хьонка а боккхуш дагӏана даьхкича хӏун дара техьа вай? Баа а хир бара хьонка, бисинарг базара баьккхина сом-ком а хир дара.
— Дӏайалахь, цо хӏун дуьйцу! Суна-м и сайн хьаша ӏаш стенгахь ву а ца хаьа! – аьттехьа а ца дитира Мовлас.
— Вайн цӏахь а кха тӏехь а жимма йох ца йелча дан хӏума а дац. Мукъа хан йоллучуьра дагӏача мегар дацара. Хьан хьаша-м церан йуьртахь хаьттича схьагойтура вара вайна, — майрачунна тӏаьхьара ца йолура Хӏийжан.
— Хӏан-хӏа, бегӏила ца хета суна-м цаьрга ваха, — реза ца хилира Мовла.
Зударийн хӏилланца кхин а масех дийнахь собар а дина майрчуьнга дийхира зудчо кхин а:
— Варах, хьо хьо а ма ву болх бан хан тӏе ца кхочуш куьйгаш а кӏамделла лелаш! Дуьхьалла дӏа хьонка баккха мукъане а гӏо вай лакхарчу йуьртара хьуьнха, хьан хьаша волчу гӏура дац вай! – дехар дира Хӏийжанас.
— Деллахьа ма чӏогӏа чудоьссина хьуна и хьонка баккхар! Мегар хӏета, кхана ӏуьйрана новкъа девра вай. Кечам бе ахьа тахана дийнахь. Кӏентех несарех ван лууш верг а билгалваккха, — олуш зудчунна тӏетайра Мовла.
Ша говр ворда кечъйан вуьйлира иза. Йиъ чӏург схьамалйеш, хьакхар хьокхуш чекхвелира и, говрана бергийн, ланнийн а тидам бира цо.
Гӏоттучу малхаца ӏуьйрана новкъабевлира хӏорш: Мовла, Хӏийжан, кхин а шиъ нус, цхьа кӏант. Алссама гулдинера хӏокхара галеш а, наггахь санна, хешо ма дийццара, цигахь хьонка дукха хилахь а аьлла.