Исс долуш кхечира со, цу буса таксица сайн тайпана мел волу стаг волчу а хӏоьттина, набаран суй а банза, тӏоьрмиг чохь ахча а долуш. «Со ӏехош хилла-кх ахь, – йелайелира йоккха стаг, – хьайн ахча дац бохуш! Хӏетте а со шек-м йар-кхи хьох, дера йара. Баккхий нах лебар хаза ма дац!»
Ас гӏийла велааьшна дира, гӏиллакхна. Дуккха а хӏумнаш хиллера цуьнан контейнерца дӏайахьийта йезаш: ишкапаш, диванаш, пианино, цхьа масех бӏе книжка. Соьга шена гӏо дар дийхира цо, шовзткъе итт туьманна охьайер йу ша а олуш, охашимма бинчу механа.
Ас мах ца бохийра.
Цуьнан и берриг пал новкъабаьккхира охашимма, куьгхьаьккхина, цхьа чамдий, тӏоьрмиггий бен, тӏаьхьа хӏума ца дуьтуш. Уьш цо шеца карахь дӏахьур йу ша элира.
Йоккхачу стагана мегарг са гуш ца хиллера, цундела хӏора кехат а, квитанци а деша дезаш хуьлура, чулацам бовзуьйтуш. Дукха кехаташ хиллера йижарша кхуьнга кхехьийтина, кхо цаьрга дӏакхехьийтинарш а дара, йижарех цхьаъ йелча, церан бераша схьадахкийтина. Уьш цо ӏадда дитира, шега кхехьийтина кехаташ новкъа а даьхна.
И дерриг хӏума хьалха-тӏаьхьа даьлча, лулахошца цхьа буьйса йаккха сецира иза, кӏиранан суьйранна йолчу цӏерпоштана билет а эцна.
Со цхьацца куьйгаш детташ воллура айса эцначу кертахь, нехаш дӏайохуш, кехаташ дагош, новкъара хӏума нацкъара йоккхуш. Со цу кертахь мел воллу, ойла йора ас, дӏаала ас цуьнга йа ма ала бохуш. Дӏадийца лаьара. Йуха хила хӏума доцийла а хаьара дийцина а. Хӏетте а ца ӏалора, «хӏинций-хӏинций» бохуш, дерриг а хьалагӏерташ. Кехаташ дагош со воллуш, цӏеран алу тӏекхачаза йолчу цхьана кехат тӏехь «нохчий» боху дош гира суна. Кехат схьаийцира. Дийшира тӏаккха, меллаша когаш тӏе охьа а лахлуш. Со дуккха а ӏийра, ойланашка вахханчохь. Йуха гӏеххьа метта а веъна, цхьана дечиг тӏе охьа а хиъна, цхьанна тӏаьхьа кхин хаддаза цигаьркаш а уьйзуш, буьйса йолийтира.
Йоккха стаг кӏирандийнахь кешнашка йахна хиллера, шен майрачун ӏодика йан. «Хьо вогӏур вуй деца Марина новкъа йаккха? – хаьттира соьга лулахоша. – Цӏерпошта буьйсанна итт даьлча йу хьуна», - аьлла.
Сарахь жимма дохк таьӏира тӏе, цхьа тӏеда дерз а долалуш. Вокзал а йара тӏеда. Йоккха стаг йоьлхура, шен хиллачу лулахошна мара а йетталуш. «Хӏокхарал дика лулахой бац хьуна кхин», - олура соьга, бӏаьргех йовлакх а хьоькхуш.