Вахит Хаджимурадов
Бӏаьстенан хаза денош кхин а самукъне деш хезара хӏаваэхь зевне чӏе́гӏардигийн аьзнаш. «Чӏиркъ! Чӏиркъ!» — аьлла нийсса хьан коьртатӏехула хӏаваэхь тӏехъэкхашехь чӏе́гӏардигаша аьлча, хьайна мел ца лаахь а, корта ирх ца берзийча ца ӏалора. Ткъа бӏаьсте йохьуш даьхкина хье́ший-м бӏо́гӏамашна йуккъехь уохкаделлачу токасе́рашна тӏехь могӏанаш бина ӏаш хуьлура дехха. Царна улллохь нисвелча, чӏе́гӏардигийн могӏанаша-м ӏа́давора шайн инзаре чӏога зевнечу къийсамашца. Ша́-ша́ говза а́лан гӏерташ, хаза а́лан гӏерташ хир дара токасе́рашна тӏера чӏе́гӏардигийн къорза могӏанаш.
Со оцу хе́нахь пхиъ класс чекхйаьккхина во́луш вар, кӏеззига хан йисине́ра аьхкенан каникулаш тӏекха́ча. Буйнахь ишко́лан тӏоьрмиг а болуш, акъваьлла хьоьжуш, чӏе́гӏардигийн къамелашка ладоьгӏуш цӏе́хьа гӏертара со. Дехьасехьа урамехь не́хан кертахь а, ке́тӏахь а зазах охкаделла дитташ а дара, бӏаьстенан де хаздан чӏе́гӏардигашна гӏодеш.
Со чукхаьчча, сайна йуург луш йоллу тхан на́на Зийна (цӏе́ра арадаьхначу хе́нахь Карагандахь жима йоӏ йолуш, оьрсаша тиллина йисине́ра цуьнан иза цӏе). Аса а йоккхура цуьнан и цӏе дукха хьо́лах (бабех на́на а́лан марзвелла хиларна жима во́луш)
— Зийна-а, оцу чӏе́гӏардигаша ма чӏо́гӏа къуьйсу токасе́рашна тӏе а хевшина, ца́ра хӏун къуьйсу? – хаьттира аса не́не, цунна чӏе́гӏардигийн мотт хууш санна.
Амма тхан на́нна це́ран мотт ца хаахь а, ца́ра хӏун къуьйсу-м хаьара.
— Не́хан рагӏушна кӏелахь шайн беннаш дан меттигаш йоькъуш ду уьш, — э́лира на́нас шена хетарг.
Цуьна дешнаш бакъдеш санна, со хӏума кхоллуш ӏен лохачу ра́гӏуна кӏелахула хьаьвзира тӏаьхьий-хьалхий ши чӏе́гӏардиг.
Дика кегийра болчу сан вежарша Рамзанас, Ражапас цецбевлла маьхьарий э́лира. Хӏинца мотт ӏа́ман гӏертачу Ризванас а самукъне цӏогӏ туьйхира.
— Ма хье́кха маьхьарий, хье́радевлича санна! Аша хӏун до! Уьш-м вайна ирс дохьуш къаьчна хье́ший дай! Вайн рагӏу кӏелахь шайна бен бан меттиг йехан даьхаканий уьш-м! – жимма дов дарца кхетийра тхо на́нас.
Хӏинца а мотт ӏа́маза во́лу Ризван во́цург кӏентий хӏинца кхийтира чӏе́гӏардигаш рагӏу́н кӏела хӏунда хаьаьвзира. Амма чӏе́гӏардигаш бе́рийн