Цу меттехь цо гӏарбаш йа́лийна. Шена дейтта шара чохь гӏа лестош улло́хь ӏийна йолу и йоӏ шайн гӏарбаш а йина, де́хаш ӏеш хилла и самаваьлла стаг а, цуьнан хьалха хилла йолу гӏарбаш а.
Ша́ ба́зара мосузза воьду цу стага о́луш хилла шайн гӏарбаше:
— Хьу́на хӏун йохьур йу ша́ ба́зарара, — о́лий.
Цкъа иштта шега аьлча йоӏа де́хар дина шена тайниг а, урс а, баттам а е́цахьара, аьлла. И цӏераш йаьхна йолу хӏуманаш шена йеача, тайниг а ловзош ӏеш йолчу йоӏа, тайниг охьа а йиллина, шена хилларг йуьххьера дуьйна дийца а дийшша, тайниге аьлла:
— Тайниг, сан къиний, ба́линий йелха хӏунда ца йоьлху хьо? — Мохь тоьхха йилхина тайниг. Баттам, сан къиний, ба́линий хьала а иккхина, лаьттах кхетта йоьхна-йаьржина дӏа хӏунда ца йоьду хьо? — аьлла, йоӏа баттаме.
Хьала а иккхина лаьттах кхетта йоьхна дӏайахана баттам.
— Урс, сан къиний, ба́линий хьалаиккхина, тховх кхетта сан дагах хӏунда ца догӏало хьо? — аьлла йоӏа.
Хьалаиккхина урс тховх кхетта, йуха чу да́ле, чу иккхинчу кӏанта, йоӏа и хабар дуьйцуш къайлах ладоьгӏуш лаьтташ волчу, катоьхна урса кӏелхьара схьайаьккхина йоӏ. Тӏаккха хиъна кӏантана оцу гӏарбаша кху йоӏана тешнабехк биний. И йоӏ шена а йа́лийна, хьалха хиллачу гӏарбашах гӏарбаш а йина, даха хиъна и шиъ.